ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

БухIан-юртахь Лелийна Къизаллаш...



Эзар исс бIе дезткъе ткъаясналгIачу шеран дийнна декабр а, ши эзарлагIчу шеран январ а беттанашкахь хIаваэра а, дезачу герзаш чура а тIе бомбанаш йиттира оьрсийн тIемахоша БухIан-юртана. Царах кIелхьардовла Iалашонца, адамаш подвалаш чу левчкъинера.

Бомбанаша байинарш боцуш, алссам баккхий нах белла оцу хенахь, даге лазарш ихина. Ша верг, кхузткъе пхийтта стаг велла цхьана БухIан-юртара оцу шина баттахь. Ткъе иссалгIачу а, ткъе итталгIачу а январехь Соьлжа-гIалара арабовлуш болу нохчийн тIемалой эвлахула чекхбевллачул тIаьхьа, эвлара баккхий нах вовшах а кхетта, оьрсийн эскархошна тIебахара.

Полковник Лукашовца шайн хиллачу къамелехь уьш оьрсийн тIемахой кхето хьовсинера, эвлахь нохчийн тIемалой бац, гIелбелла нах бен аьлла. Амма, оьрсийн тIемахой ша тайпа кхетта цунах.

Лоьрийн гIоьнча Чадаева Асет, оцу эвлан яхархо ю. ДиалгIачу а, пхиалгIачу январехь шен цIахь хилла иза, оьшучучарна дарба а лелош. Цо бахарехь, диалгIачу февралехь, тIеетта бомбанаш сацийначул тIаьхьа, Алды а, цунна гонахарчу Окружнойхь а, Суьра коьртехь а, БухIан юртахь а, Окружнойхь а, "Двадцатый участок" олучу меттехь а паспортан раж теллира Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин мотогIашлойн ши бIе шовзткъе пхиалгIачу полкан ялхалгIачу рото.

Бисина тIемалой бацара я дуьхьала вала де долуш нах а ца биснера. Массо гIелбелла а, лазийна а, чевнаш йина а нах бара бисина. Дукхах берш къанбелла баккхий наххий, зударий, берах зударий, бераш дара.

Нахера ахчанаш схьадахарал а, чура еза хIуманаш лачкъаярал совнаха, нах ца байина оцу ротерчу салташа. Цара бахархошка баьхна, шолгIачу дийнахь мехах тIом беш болу контрактникаш богIур бу, массо а байа аьлла, дина омар а ду царна аьлла.

Чадаева Асет: Оцу подвалаш чохь ма Iелаш, уьш ма-дарра жIаьлеш ду шуна, кхана богIуш болу срочникаш. Дукхах болчарга ала а аьллера. Амма нах подвалаш чохь хIунда Iара аьлчи, цу чохь пеш а, дечиг (долуш) шайна, масех баттахь цу чохь Iан Iемина бара. Дукхах болчеран дисина цIа а дацара. Новкъахь дала ца дала, шен чохь валар гIоли ду, эцца, арахь вен а вийна Iуьллучул а аьлла. И арабовлуш болчу беженцашна (мухIажаршна) тIе самолеташ (кеманашна) тIера бомбанаш а йиттина, дукхах болу нах кхерабеллера.

Бисина тIемалой бацара я дуьхьала вала де долуш нах а ца биснера. Массо гIелбелла а, лазийна а, чевнаш йина а нах бара бисина. Дукхах берш къанбелла баккхий наххий, зударий, берах зударий, бераш (дара). Цхьа кхо бIе дакъа а дара тхан поликлиникехь оха дIадоьллина, байинчу нехан. Дукхах болчарна тIом чекхбаьлла моттара. Эцца паспорташка хьажа а хьаьжна, дIагIур бу бохуш, ша-ша леван гIертара (массо а).

Iуьйранна исс даьлча йолаелла и зачистка, нийсса, делкъал-тIаьхьа диъ даллалц... зачистка йира цара. Алдерчу стеган аравала а я чуван а йиш яцара. Снайперша воьра.

ШолгIачу дийнахь, маларо а, наркотикаш а бахийна, юьх тIе кIормодаш хьаькхна баьхкинчу Петарбухерчу ОМОНан белхахоша стаг-зуда а, бер а ца къестош, нахана тIехь къизалла ян йолийра боху Чадаева Асета.

Чадаева: ШолгIачу дийнахь схьабаьхкинчара бисина болу божабераш а, борша нах а дIабигира. Къематан де дара оцу дийнахь хилларг, бакъдерг дийцича. Кертара керта а воьдуш, дуьхьала вала дело стаг вийна дIаваккхара цара. Бакъдерг дийцича и баккхий нах хIунда байара хIинца а ца хаьа суна. Цара хIун дуьхьало йийр яра царна?

ИдиговгIеран ши ваша "в боевиков поиграем" аьлла, цара нуьцкъала, такхийна дIа а вигина, подвал чу а кхоьссина лулахойн цIенош чохь, цу чу ши граната кхоьссинера. И цхьа ваша оцу гранатина тIе вижинерий хаьа суна, цундела цхьаъ дийна висинера и бахьанехь.

Дукхах болчаргара ахча а, деши а доьхуш, лергара а, пIелгара а деши хIума схьа а йохуш и хIума лелийра цара. Сан, чевнаш а хилла Iохкуш хилла болу лазийна нах а, "обработаем зеленкой и привезем (молха а хьаькхна схьабалор бу) олий дIа а буьгий, багийна юха схьакарийра тхуна шиннен дакъа. Ахматов Лоьмий, соьца дешна хилла волу - чIогIа бакъхьа кIант вара иза - Алдехь тIом болуш хенахь кхо стаг велча цхьаъ дийна висинер-кха царна юкъара. Оццул шегахь бала боллушехь, аса обезбаливающий (лазар дIадоккхуврг) тохий хьуна, лозий хьан аьлла хаьттича, "хIан-хIа, соьл а де эшначунна оьшур ду, кхоаде молханаш" олий, цуьнга хьожуш хилла волу, пIелг лазийна цхьа ваша - Ахматов Iиса бохуш вара и кIант, иза а вийра. Байгираев Шамхан бохуш волу кIант а вийра.

ИдиговгIеран ши ваша "в боевиков поиграем" (тIемалойх ловзур вай) аьлла, цара нуьцкъала, такхийна дIа а вигина, подвал чу а кхоьссина лулахойн цIенош чохь, цу чу ши граната кхоьссинера. И цхьа ваша оцу гранатина тIе вижинерий хаьа суна, цундела цхьаъ дийна висинера и бахьанехь. Ткъа баккхий нах, ламаз деш лаьтташехь, арахь лаьтташехь, баккхийн нах а байинера.

Цхьа зуда яра кхузахь Джалкера схьаеана, Кайпа бохуш, шен бархI шо кхаьчначу йоIца. Оцу йоIана хьалхха и нана а, чуьра кхоъ борша стаг а вуьйш, юха а и байина нах бага а беш, и хIума лелийнера цара. Юха и йоI, соьца ши кIира даьккхира оцу йоIа. Маха ца тоьхча, кхин дIа а ца йижалора, мохь хьоькхуш. Бен-бахьана долуш (байина бацара), царгара даьлла хIума долуш, дуьхьало ян де долуш, гIелбелла, чIогIа гIелбелла, кIадбелла нах бара уьш...

Шайга яхьалуш ерг дIахьуш, нехан чуьра бисина куз берг, телевизор ерг... и хIума дIаяьхьира цара цу дийнахь. Доха ца духуш дисинчу цIеношна цIе а тесира. "Видишь, как горит? Мы так всю Чечню сровняем" бохуш, бела а боьлуш, шай зачистка йира цара. И яр-кха церан зачистка.

Чадаева Асет тахана Цхьанатоьхначу Штаташкахь ехаш ю. Цо динчу тоьшаллашца хиира цигахь а, малхбузерчу пачхьалкхашкахь а оьрсийн ницкъаллийн структураш диалгIачу а, пхиалгIачу а февралехь БухIан-юртахь дIаяьхьначу тIеман операцех лаьцна.

Шайн байина нах, бусулба Iедалца догIуш доццушехь, дIа ца бухкуш битинера эвларчу наха. Оццул къизалла лелийначу метте бахка декхар ду моьттура царна милцой а, прокуратурин белхахой а. Таллам бе аьлла, Iедало омар даларе сатуьйсура. Амма, Iедалша цхьана дашца хьаха ца дира иза, хилларг хIумма а доцуш санна.


Масийтта де даьлча цига веанчу Москохарчу Мемориалан белхахочо, адамийн бакъонашлаъярхочо Попков Виктора кино яккхийтира, шеца валийначу кино яккхархочуьнга. Иштта дуьненчу елира, БухIан-юртахь оьрсийн т
Iеман ницкъаша йинчу къизаллех лаьцна кино. Нийсса шо даьлча, Нохчийчохь 18 апрелехь юьхь къевлинчу стага герз тоьхна валаран чов йира Попковн. ШолгIачу июнехь Москох валар хилира цуьнан.

БухIан-юртахь йина а ца Iаш, цунна гонахарчу эвланашкахь а оццу деношкахь леррина операци дIаяьхьна оьрсийн ницкъаш. Изнаурова ПетIмат Окружнойхь яьхна шолгIа тIом болабалале. Бомбанаш тIеэга йолаелча, цIахь цуьнан йоккха наний, 36 шо воккху ваший бен ца вуьсуш, ша болу доьзал Несар-гIала дIабахана. ПхиалгIачу февралехь Окружнойхь талламаш бан баьхкинчу Петарбухерчу ОМОНан белхахоша, паспорта тIехь Калмыкехь вехаш хилар тидаме а эцна, дIавигна ПетIиматан ваша Изнауров Якъуб.

ПетIимат: Иза дIавигинчул тIаьхьа пхи-ялх де даьлчий бен тхоьга Назранера хаам ца бира. Тхуна хаа а ца хиира иза. Буха бисина болу тхан нана а, лулара а, тхан гергара нах а, уьш ара а бевлла, иза лаха арабевлира уьш. Калмыкий областехь (ГIалмакхойн кIоштехь) Iийна ву иза. Цуьнан паспорт тIехь прописка (веха меттиг) яра калмыцкий (гIалмакхойн). И бахьана ду аьлла цара дIавигина. Пхеа бер да ву иза. Ткъе ялхийтта шо долуш вара иза.

ДIавигча (дIавуьгуш) а цара цхьа кехаташ схьа а ца гайтара. Опозновательный знакаш (вовзаран билгалонаш) яцара. ПетарбухIера ОМОН ю аьлла представить (довзийтира) цара шаьш, цигара ду аьлла. ХIинца тахана пхиалгIачу февралехь (2004) диъ шо кхаьчна, хууш кхин хIума дац-кха тхуна.

Шен ваша лоьхуш, Изнаурова ПетIмат а, цуьнан гергарнаш ца кхочуш меттиг ца йисна. Цо дийцарехь, оьрсийн прокуратуро юхатоьхна Якъуб дIавигарца доьзна, цара чуделла кехаташ. Таханлерчу дийнахь Старсбургерчу Кхеле и гIуллакх чудала, кехаташ юхавовшахтухуш бу Изнаурован гергарнаш.

Ши эзарлагIчу шеран Iаьнан деношкахь оьрсийн ницкъаш дIаяьхьначу тIеман операцехь байинчеран терахь билггал хуш дац. Кхузткъанна тIера, бIенне кхаччалц ду, тайп-тайпана хаамашца.


Х
Iара материал эфирехь хилла 2004 шарахь Чиллан-беттан (Февраль) пхиалгIачу дийнахь.
Ладог
Iа http://www.rferl.org/howtolisten/CA/20040205/ondemand.html

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG