ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сепаратисташ Бахка Мегаш Бу Белгин Урхалле


Белги -- Шайн берашца харжамийн куьпе кхаьжнаш таса баьхкина Белгера дай-наной, 13Ман2010
Белги -- Шайн берашца харжамийн куьпе кхаьжнаш таса баьхкина Белгера дай-наной, 13Ман2010

Белгехь дIабаьхьначу харжамийн жамIаш ерриг а Европехь сингаттамца тIеэцна, хIунда аьлча, цигахь Iедале баьхкинарш Фландри Белгех дIакъастийта лууш болу сепаратисташ хиларна.




Цхьанакхеттачу Европехь куьйгалла хьалхарчу июлехь дуьйна Белгига долуш ду. Амма и жима исбаьхьа пачхьалкха масех шарахь дуьйна шен политикан чолхенийн гурано лаьцна ю. Даханчу кIирандийнахь кхузахь дIабаьхначу харжамийн жамIашца Iедале еънарг Керла Фламандин альянс цIе йолу парти ю, шен сепаратистийн хьежамашца евзаш йолу. И хилла а ца Iа. Белгин цхьа дакъа долчу Фландрехь иштта Iедале еъна кхин а шиъ националистийн хьежамаш болу парти, альянсан санна Iалашонаш а, амма кхин а чIогIа радикалан позицеш йолу.

И Керла Фламандин альянс цIе йолу парти Де Вевер Барта куьйгалла деш ю. Фландри цIе йолу Белгин дакъа йозуш йоцуш хилийтарехьа къуьйсуш ву иза а, цуьнан накъостий а. Цу Iалашоне кхача, Де Веверна хетарехь, уггаре а хьалха Белгерачу пачхьалкхан системан реформа ян еза, федералан центран таронаш дIа а хадош, регионашна алсам бакъонаш а луш.

Ала догIу, карарчу хенахь итт миллион сов вахархо волу Белги хаза нехан санна чолхе политикан а, пачхьалкхан а система йолуш мохк хиларх лаьцна. Шина доккхачу декъаний, кхаа меттанийн кIошташний екъна ю иза. Уггаре а доккха дакъа нидерландийн мотт буьйцуш болчу фламандаша дIалаьцна ду, Белгин Къилбаседехь бехаш болчу. Валони олучу декъахь, мехкан Къилбехь долчу, французийн мотт бу лелаш. Малхбалехь, Германин дозанца, немцойн мотт буйцуш болу дакъа ду.

Царах хIора а дакъа шен-шен парламент а, шен-шен урхалла а йолуш ду. Нохчийчул шозза бен йоккха йоцчу Белгехь болх беш ялх парламенттий, ялх урахаллий ю. Ткъа Белгин коьрта гIала Брюссель, официала декъехь, ши мотт лелош елахь а, амма, дукха хьолехь, французийн мотт буьйцуш ю.

Йозуш ца хила гIерташ йолу Фландри экономика агIора дика кхиина регион ю, Валлонел. Фландрехь бехачу фламандашний, Валлонерачу валоннцашний юккъехь бIеннаш шерашкахь дуьйна схьабохьуш баккхий къийсамаш а, девнаш а ду, уьш бахьана долуш Белги хийлаза йохаран зил тIе кхаьчна а хилла. Цхьацца болчу аналисташна хетарехь, Белги йоханза кху дийне яларан цхьаъ бен бахьана дац - цу махкахь дуьненаюкъарчу мехалчу структурийн, масала, Цхьанакхеттачу Европин а, НАТОн а, куьйгаллин органаш хилар.

Мухха делахь а, хIинца парламенте хиллачу жамIашца федералан урхалла кхолла езаш ю Белгехь, харжамашкахь тоьллачу массо а партешца цхьа барт а бина. Ткъа и болх, аналисташна хетарехь, дуккха а беттанашкахь бахбала мегаш бу.

Хьалхарчу июлехь Цхьанакхеттачу Европехь ах шарахь куьйгаллехь хир йолчу Бел гина хьалха лаьттарг аттачех некъ бац. Цу махкахь Iедале яьхкинчу цхьацца йолчу партийн векалшна дуьненан карти тIехь Белги цIе боху пачхьалкх хила а ца еза аьлла хеташ хилар тидаме эцча-м, муххале а.
XS
SM
MD
LG