ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Репрессеш Йинчу Къаьмнашна Лерина Низам Болх Беш Дац


ХIокху шеран Оханан баттахь Соьлжа-гIалахь, репрессеш лайначу, Къилбседа Кавказерчу нехан гулам дIабахьа дагахь бу «Оьрсийчура Репрессеш Йинчу Къаьмнийн Барт». Репрессешца доьзначу оцу низамо болх ца барца доьзна хир ду, гуламехь дийцаре дийр долу коьрта хаттарш.


Хокху баьста, Оханан беттан 25-чу а, 26-чу а деношкахь, Нохчийчоьнан коьртачу, Соьлжа-галахь, репрессеш йинчу Къилбседа Кавказерчу къаьмнийн гулам дабахьа дагахь бу «Оьрсийчура Репрессеш Йинчу Къаьмнийн Барт». Оцу бертан гантдас Горяев Аркадийс билгалдаьккхира, и хан, гергарчу барамехь хоттийна бен яц, аьлла. Шайн организаци беккъа нехан лаамна техь болх беш ю, цундела, ахчанца доьзна хаттар а, хьалхарчу меттехь лаьтташ ду элира цо.

Оцу гуламехь, репрессеш йинчу къаьмнашна лерина федералан низам а, иза юкъадаьккхичхьана дуьйна, хокху 20 шарахь цунах баьлла пайда ца хилар а дуьйцур ду элира, и форум вовшахтоха араваьллачу Горяев Аркадийс.

Горяев: Низам а, цуьнан артиклш а таханлерчу дийнахь кхочушъйина яц. Юьхьанцара мортарий эцара цкъа пхеа шарана, юха кхин а пхеа шарана. Цундела, и низам кхочушдаран цхьа а кхоьллина г1ирс бац, я ша и низам кхочушдина а дац.

Оцу хаттарна т Iаьхьа доьдуш ду синIаткъаманна хилла долу зе меттах Iоттор ду.

Горяев: Син1аткъаманна реабилитаци яр бохург х1ун ду? Репрессеш йина долу тхан къаьмнашна лууш дерг, тхуна т1ехь динчу инзаре ирча зуламах оьрсийн президенто къинт1ера довлар дехар ду. Уьш бу кхарачой, Генарчу малхбалера корейхой, г1алмакхой, нохчий, г1алг1ай, балкхарой... Аса х1инца хьехор дац, таханлерчу дийнахь Оьрсийчоьнна арахьа бехачу г1ирмерчу г1езалойх а, Прибалтикера къаьмнаш а.

Оьрсийчоьнан куьйгалхо къинт Iера ваккхарца доьзна тахана х Iунда ойуш ду аша? Х Iетахьлера режим нийса хеташ, цо пачхьалкхан цхьаалла ларъйина бохучарех ма ву оьрсийн премьер-министр Путин Владимир. Медведев х Iуттур ву аьлла хетий хьуна цу тайпа майра дахьедар дан?

Горяев: Къинт1ера вала хааро - оцу пачхьалкхан оьздангаллин барам, иза кхиина яьлла хилар гойту. Оьрсийн пачхьалкх, боккъалла а, бертахь цхьанакхета а, юхакхоллаяла а йолалур ю, репрессеш йинчу къаьмнашка, цуьнан куьйгалхоша къинт1ера довлар дехначул т1аьхьа.

ЦIерадаьхначу къаьмнашна хилла зе меттахIоттийна дац хIинца а. Шаьш кхийдош йолчу хуьскашца, и къамнаш сийсазадоху Iедалша аьлла хеташ ву Горяев.

Горяев: Цхьанне а къайле яц, репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци ярца доьзначу низамехь ма-дарра аьлла ду, репрессеш йинчу къаьмнашна реабилитаци яр - 3-г1а ю иза - Конституцина дуьхьала доллушехь, дозанаш хийцале хьалха хилла дозанаш бакъдар а, латтанаш декъа йиш ца хилар а ду. Сталинан режимо керстаяле хьалха хилла йолу пачхьалкхаш-республикаш юхаметтах1иттор. Хилла долу зе меттах1оттор.

Цхьа ларча а эцна Сибрех а, Советан Гулагашка а вай къаьмнаш д1ахьовсийна хилар тидаме эцчи, ойла йейша, мел дукха, къоман долахь х1ума бухадисина хилла. Цундела, и зе меттах1оттор т1едуьллуш ду оха Оьрсийн пачхьалкхана.

Яйначу х1усамех а, цу чохь хиллачух а Оьрсийн Федераци тхуна меттах1оттон хьажнарг - 8 эзар соьм а луш - рог1ера тоьхна туй дара. Рог1ера тхан дай сийсазбар дара иза.

Территореш меттах1отторан реабилитаци ю кхин д1а. Федералан низам, иза ша ма-дарра, кхочушдар бен дац оха доьхург.

Оьрсийн Федерацино ша бакъонийн пачхьалкх ю бахахь, бакъонийн пачхьалкхан принцип - федералан низам кхочушдаран принцип ю.

Лаа дац, и гулам дабахьа хаьржинарг Соьлжа-гала хилар а. Нохчий – депортаци йинчу къаьмнех ггар а доккханиг ду элира Горяевс. Цул сов, кхечу республикел а хайтта ю аьлла ю элира Горяевс, Нохчийн Республика, цхьанаболх барехь а, го-наъкосталлийн проекташ кхиорехь а. Цул сов, цигахь болх беш дуьненаюкъара институташ хиларо а, Соьлжа-гала коьртачу метте яьккхина аьлла хеташ ву, «Оьрсийчура Репрессеш Йинчу Къаьмнийн Бертан» гантда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG