ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелан ХIусамехь Лаьцна Кусайте Эгле


Оьрсийчохь теракт ян кечлуш яра аьлла, бехке а йина, кхеле ийзош йолу Литувин яхархо Кусайте Эгле чохь латтон сацам бина Вильнюсерчу Кхело еарин дийнахь. Кусайтен адвокато дийцарехь, кхел дIахьучу юкъанна цхьа а бахьана дац, Эгле чохь латтон. Цул сов, Литувин низамаш а дохийна Кхело.

21 шо долчу Кусайте Эглен дуьхьала кхин цхьа гIуллакх а долош йолчу прокуратурин дехарца, дIасаяха йиш ца хиларна тIера, иза чуйолла сацам бина Кхело. Эглен адвокато Кестутис Стунгиса Вильнюсера схьа телефонехула ша Маршо радиоца динчу къамелехь дийцира, цуьнга керла кхийдош болу бехк, Кусайтена дуьххьара дIа гIуллакх долийначу, хьалхалерчу прокурорана Лаучюс Юстасана телефонехула кхерамаш тийссарца боьзна бу бохуш.

Кестутис: Деккъа формалан бахьанашца чуйоьллина ю Эгле. Магмадова Тамарица, Москох чудоьллина латточу йишин а, вешин - Iайшатан а, Iелин а ненаца цо юкъаметтигаш латтош яра боху Эгле. Прокуроран хьесапехь оцу уьйраша новкъарло йо кхел дIаяхьа. И ю церан аргумент. Кхин цхьа хIума а ду цигахь. Хьалха и гIуллакх дIакхехьначу прокуроран телефонна тIе цхьаммо Эглен мобилана тIера иза сийсазавеш а, цунна кхерамаш туьйссуш а кост дахьийтина, аьлла. Эглес иза керстадо. Коьртаниг хIун ду аьлчи, Эглена дихкина ма дац Москох чубоьхкина латточу Iайшатан а, Iелин а ненаца юкъаметтигаш латтор.

Маршо радио:
Ткъа хIинца, Кусайтен гIуллакхехь теш ву Лаучюс Юстас.
Прокуратурин хьесапехь, Кусайтес прокурор хиллачу Лаучюсана кхерам тийссарца новкъарло йо талламана. Цул сов, талламана тIеIаткъам барна тоьшалла санна, прокуратуро кхо бIе агIо еана кхеле Эглес а, цуьнан нанас а, ненайишас а оьрсийн журналисташца а, бакъонашларъярхошца а телефонехула дина къамелаш тIехь долу. Прокуратурин дехар кхочушдеш чуйоллийтина Кусайте Кхело.
Цуьнан адвокато Кестутиса бахарехь, цхьа а бух боцуш ду, Москох чохь латточу МагмадовгIеран Iелин а, Iайшатан а ненаца Эглес уьйраш латтор, талламана новкъарло йо бохуш, хьалхатоьттург.

Кестутис:
Соьга хаьттича, ненаца латточу уьйраша цхьа а зе дойла яц кхел дIаяхьаран процессана. Оцу уьйрийн хьокъехь тхан Апелляцин кхело а шен сацам бина. "Цхьа а, нийсса дIа латтош юкъаметтигаш яц Москох чубоьхкинчарца. Шаьш дуьйцург цхьана а кепара хийца а, тодан а йиш яц церан", аьлла. Цул сов, цигахь а гIуллакх чекхдаьккхина ду, кхузахь а и гIуллакх чекхадаьккхина ду. Барт хаьттина баьлла. МагмадовгIара я вашас а, я йишас а шайга кхийдош долу бехкаш тIе ца лаьцна. Тоба а кхоьллина, терроран акт ян гIерташ бара бохуш, бехке беш бу уьш. Оха дехнера, оха тIедиллинера Iедалшна и гIуллакхаш цхьанатоха аьлла. Нагахь санна, уьш цхьа зулам дарна бехке беш белахь, уьйраш муха латтор яц? Шаьш луш йолу кийтарлонаш йовза ма еза царна. Цара шайн бехк хилар тIе ца лоцу, цара керста ма до иза. ТIаккха хIун зе дийр ду цара, вовшашца уьйраш латторца? Уьш хиллехь а? Цхьа а дийр дацара.

Маршо радио:
Кхелан кхеташо мангал хьокху беттан кхоалгIачу дийнахь хила езаш ю. Оцу юкъанна тешаш бу лебийр болуш кхин дIа а.
Эгле чохь латтон бинчу сацамна дуьхьала латкъам кечбеш ву цуьнан адвокат. Керстутис Стунгисана хетарехь, иза цхьа бахьана ца хиларал совнаха, иза низамашна дуьхьала ду. Карарчу хенахь хIете-вете а, иза лаьцна латтон цхьа а ладаме бахьана дац элира цо.

Маршо радионо дагадоуьйту, Кусайтен гIуллакх. 2009-чу шеран ГIадужучу баттахь
Литувера Оьрсийчу йоьдучехь лаьцна ю Эгле. Дозанера векалша чIагIдарехь, уьш шекбаьхнарг дара, цуьнан карара билет цхьана агIо бен ца хилар.

Цхьанакхеттачу Зуламхошца а, коррупцица а къийсам латточу Литувин департаментан прокуроро Клюнка Альгимантаса тIаьхьуо дIахьедар дира, Кусайте Эгле къера хилла, ша Оьрсийчура Нохчийчу а яхана, алссам адам гулделлчехь, ша шех эккхийта гIерташ хилла хиларна. Амма Эглес иза керстадира, шена бина тIеIаткъам а, ницкъ а ла а ца белла, аьллера ша и дешнаш, аьлла. Цул сов, цунна дош делла хиллера, Москох схьа а лаьцна, «Лефортово» набахти чубоьхкина йиший-ваший МагмадогIар а, дийна буьтур бу аьлла. И шиъ а бехке деш ду, терроризм лелорна а, низамехь йоцу герзан тоба кхолларна а.

Кусайтен ненайишас Еленяускайте Иренас чIагIдарехь Эгле оцу гIуллакхана юкъаозийнарг а, цунна тIеIаткъам беш ерг а церан мехкан къайлаха сервис ю. Оцу гIуллакхана тIехьовсучу Литувин журналисташна а, бакъонашларъярхошна а хетарехь, Кусайтен гIуллакхах хьакхаелла оьрсийн леррина сервис ю. Амма официала литувин ницкъаша керстадо иза.
XS
SM
MD
LG