ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Школашкахь Экзамен ДIало Хан Герга Мел Кхочу а Марсадолуш Ду Кхерамаш Тийсар


Нохчийчоь -- Школашкахь экзаменаш дIаюьйлаелла, Аргун-гIалин №1 школа, 23Сти2011
Нохчийчоь -- Школашкахь экзаменаш дIаюьйлаелла, Аргун-гIалин №1 школа, 23Сти2011

Ерриг Оьрсийчохь санна, кху Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь пачхьалкхан экзамен ю нохчийн школашкахь хила езаш. И хан герга мел кхочу алсамйолуш ю цунна гонаха яьккхина гIовгIа, цхьаьллиг цхьанна гIо дойтур дац бохучу кепехь кхерамаш а туьйссуш.



Стаганна а къайле а йоцуш, Оьрсийчоьнан кхечу кIошташкахь санна, и ЕГЭ олу экзамен юкъаяьккхичахьана а, кхузахь дешархошна гIо деш ду, чуьра хеттарш араидош а, жоьпаш чуидош а. ЗIенехула деш долу накъосталла доцуш. Амма кхушара и тайпа аьтто ца хила а сахьт дац вайнехан берийн.

Дешаран а, Iилманан а министралло дукха чIогIа дихкина, школийн директорша чIагIдарехь, гIо дан Iалашонца берашна аьттехьа гIортар. Экзаменаш йийцаре ечу цхьана школехь со теш хилла директоро дечу кху къамелан: «Экзамен шайга дIайолуьйтур ю. Цхьа а аьттехьа гIур вац. Водахь, ас шуна могуьйтур а дац. Яккхахь, со йоккхур ю-кх балхара дIа, амма вай низам талхор дац.»

Кхин хIума а ду кху некъехь кхузахь дийца даьккхина. Хьехархошка гIо ца дайта дагахь, историн, масала, хаарш зуьйчу дийнахь массо историн хьехархо Соьлжа-гIала семинаре дIагулвийр ву, боху. И мел бух болуш ду а, мича кепехь дахаре дерзор ду а хууш дац цкъачунна. Делахь а, хьехархоша мукIарло а деш, дикка хьалха дуьйна а дийца даьккхина и хIума махкахь.

Цхьаболчу хьехархоша экзаменашна гонаха эккхийтина гIара кийтарлонаш лору. Цара кхеторехь, дешаран-Iилманан министараллина санехь дац, гIо а ца дойтуш, берийн хаарш стохкачул а ледара гайтар. Ткъа цхьаболчара боху, царна гонаха яьккхина гIовгIа -- ахчанца дозаделла хIума ду. Цу хьокъехь шена хетарг элира цхьана школан директоран гIоьнчо:

«Предметаш хьоьхучара ахча оьцу боху. Вай ца эцарх, оьцурш хирг хир бу-кх. Айхьа итт шарахь Ιамийначу берашкара ахь ахча оьцур ма даций. Кхечу школашкахь оьцу хир ду, аьлла, хета-кх суна, оьцург милла а велахь а. Цундела, церан кисана хΙума ца йожийта, уьш дIабуьгуш бу. Оьрсийн моттий, математикий дIаелчахьана, бала бац кхечуьнца. И шиъ дIаелча, ЕГЭ дIаелла лору бераша. …Уьш хΙун дан гIерта, кхузахь ахча дΙа а ца долуьйтуш, цигахь шайна дΙадалийта гIерта. И дан гΙерта хир бу-кх.»

Кхин цхьа керланиг а юкъадалийна кхушара Нохчийчохь. Хила тарлучу бохамах ларбеш, школера бевлла кегийрхой бохуьйтуш бац, хIинццалц санна, Iаламе садаIа а, садаржар тергалдеш, буьйса такха а. Цаьрга а, церан дай-наношка а куьйгаш а тIеIадойтуш, тIелацамаш а бойтуш, чIагIонан зайлаш тоьхна дешаран а, Iилманан а министралло. Вуьшта аьлча, шайн школан кертахь, шаьш даккхий хилар билгал а даьккхина, дIасабахар тIедожийна мехкаршна а, кIенташна а.
XS
SM
MD
LG