Инзаре шело хIоттар бахьанехь адамийн баларш ду алсамдевлла Юккъерчу а, Малхбален а Европехь. Леш берш дукхачу декъана чудаха хIусамаш йоцу нах бу. 110 сов адам кхелхина хIинцале, амма шело, дийцарехь, хIара кIира чекхдалале хIете а вете а лаьттар ю. Дукхах долу зен Украинехь хилла. Цигахь велла лаххара 63 стаг. Сербехь диллинчу лоно а, хIоьттинчу шелоно а вийна лаххара 6 стаг, кхин а 11500 ву шайн ярташкара арабовла йиш йоцуш. Чиллан-бутт болабелчхьана исс стаг кхелхина Полшехь, ткъа верриг вагарвича, 29 стаг велла, гIурано и мохк лаьцчахьана дуьйна.
Шело: Ерриг Европа Милла ГIорош ю

1
Шелонах ларлуш, кортали хьарчийна зуда Украинин коьртачу шахьар чохь, Киев.

2
ХIусамаш йоцу нах йовха яахIума юуш бу керла тоьхначу четар чохь, Украина, Львив.

3
ХIусам йоцу зуда тховкIелонна тоьхначу четар чу йоьдуш ю, Украина, Донецк.

4
Македони-пачхьалкхан пачхье Скопье.