Инзаре шело хIоттар бахьанехь адамийн баларш ду алсамдевлла Юккъерчу а, Малхбален а Европехь. Леш берш дукхачу декъана чудаха хIусамаш йоцу нах бу. 110 сов адам кхелхина хIинцале, амма шело, дийцарехь, хIара кIира чекхдалале хIете а вете а лаьттар ю. Дукхах долу зен Украинехь хилла. Цигахь велла лаххара 63 стаг. Сербехь диллинчу лоно а, хIоьттинчу шелоно а вийна лаххара 6 стаг, кхин а 11500 ву шайн ярташкара арабовла йиш йоцуш. Чиллан-бутт болабелчхьана исс стаг кхелхина Полшехь, ткъа верриг вагарвича, 29 стаг велла, гIурано и мохк лаьцчахьана дуьйна.
Шело: Ерриг Европа Милла ГIорош ю
5
Бухарестехь дечке араяьлла зуда, Романи.
6
Зуда шен юьхь шелонах хьулъеш ю Беларусин пачхье чохь Минскехь.
7
Тарамбайн йис йиллинчу кораш чохь некъахой гуш бу, София, Болгари.
8
Стаг сурташ дохуш ву пена тIехь гIорийначу хIордан хин, Контанта, Романи.