Базоркина Фатимин кIант тIепаза вайна шийтта шо ду. Цу гIуллакхах, Нохчийчохь йоцчу бакъонийн а, шуьйра даьржинчу ницкъ баран а билгало хилла.
Шен кIант дийна а волуш, оьрсийн пачхьалкхан телевизионехь 2000-чу шарахь гина Базоркина Фатимина. ТIемалой бу-бац къастон Iалашонца Нохчийчохь лаьцначу кегийрахойн тобанца волчу цуьнан кIентан хьокъехь оьрсийн эпсаро, тIахьуо цIарца вевзинчу Баранов Александро шен кIант вен омар луш гира цунна.
Цхьа а жамI доцуш, шен лар йоцуш вайна кIант вехха лехначул тIаьхьа, оьрсийн Iедалш кхеле а делла, цу гIуллакхехь толам баьккхира Базоркинас.
Францера Страсбург-гIаларчу Адамийн Бакъонийн Кхело нанна 47 эзар евро ахча дала декхаре йира Оьрсийчоь. Нохчийчохь стаг варца доьзна Адамийн бакъонийн кхело теллина дуьххьара гIуллакх дара иза.
«Кхелехь баьккхинчу толамо шен бала бай ца бина» элира Базоркинас, кхелан сацам хезначул тIаьхьа. Амма Голландера йозуш йоцчу «Правовая Иницатива по России» организацино шена Страсбургерчу Кхеле латкъам беш йина гIортор, шен де доьхначу хенахь уггар а оьшург дара бохуш яра Базоркина, телефонехула ГIалгIайчура ша Маршо радиоца къамел деш.
Базоркина: «Цара накъосталла дира суна, лийхира соьца цхьана, дехарш дира, дукха организацешка зIенаш йиттира. Цара боккъалла а боккха болх бира. Суна гIо дина ца Iа, кхечу, шайн кIентий, дай, йоIарий лоьхучу зударшна а дира. Сан са тедеш гIортор ма йора суна, хIора а стеган бала шайниг санна тIеэцара. Тхо царна реза а ду-кх.»
Оьрсийчура кехатийн бюрократино а, кхаьънаш оьцучу кхелахоша са кхачийначу оьрсаша шайн латкъмаш Страсбургерчу кхеле хьовсабо. Цу кхеле кхочучу ша болчу латкъамийн 20 процент Оьрсийчура бу. Царна юкъахь доккха дакъа лоцу Нохчийчура латкъамаша.
Оьрсийчура «Правовая иницатива» организацино гIо дина, Нохчийчохь федералан ницкъаша гIело йинчу нехан 100 сов гIуллакхехь толам боккхуш. Европерчу Кхело царгахула Оьрсийчоьнна тIе а дожийна, гIуданаш такхийтина 10 миллион еврога кхоччуш.
Боуринг Билл, Лондонерчу Бёркбек университетан колледжехь дуьненаюкъара адамийн бакъонаш хьоьхучу профессор а ву, Старсбурегрчу Кхеле латкъамаш беш гIо деш.
Боуринг Билл: «ЧIогIа дика дела денна болх беш схьабогIуш бара уьш. Цхьаболу адвокаташ и гIуллакхаш долош дуьйна зе хиллачу нахаца хилла бу. Нохчийчура а, Оьрсийчоьнан кхечу меттигашкара а нахаца белхаш бо цара. Шерашкахь кхиаме схьабаькхина уьш. Вуно дукха ладаме гIуллакхаш чекхдаьхна цара.»
Амма схьагарехь, Оьрсийчура Юстицин Министралла оьрсийн Iедалийн лаам чекхбоккхуш, хьалхаяла сихъелла, Базоркина санначу нехан гIортор дIайоккхуш. Шо хьалха Оьрсийн Нийсонан министралло Iедалх йозуш йоцу организацеш хьесапе оьцучу урхаллехь регистраци дIаяьккхинера «Правовая Иницатива по России» организацин. Маситтаза и юхаметтахIотто гIортарх гIуллакх ца хилла, Москохарчу кхеле латкъам бина организацин векалша. Оцу кхело шен сацам бовзуьйтур бу кхаарин дийнахь Оханан беттан 11-чу дийнахь.
Организацин Оьрсийчура кхочушдаран директоро Коган Ванессас шен шеко яц боху, шайна регистраци ца яран бахьана, шен тобан балхаца доьзна хиларх.
Коган Ванесса: «ЧIогIа маьIне ду, 2006-чу шарахь тIеэцна долу, йозуш йоцу организацийн жигараллийн хьокъехь тIеэцна низам, оха динчу кепара гIалаташ довлийтинчу организацин хьолах пайда эца тIеэцна хиларх кхетар. Тхуна хетарехь, министралло шеггара сацам бина, кхин цкъа а регистраци ян тхан бакъо юхатоха. Тхуна хетарехь и юхатохар, тхан балхана министралла реза ца хиларца доьзна ду, тхо церан бIаьргах кхетта сара бу.»