ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-гIалара кема лелар ду Киеве



Ши кIира даладе Соьлж-гIалара Киеве кема дIасалелар дIадоло дагахь ю Нохчийчура «Грозный-авиа» олуш йолу компани. Цуьнах лаьцна "Интерфакс" агенталле хаам бина цу компанин куьйгалхочо Туркаев Хьасана.

Цо дийцарехь, Соьлж-гIалара Борисполь олучу Киеверачу кеманпорте даха хьалхара кема новкъа дер ду тIебогIучу Стигалкъекъа-беттан 12-чу дийнахь. Рейсаш йийра йолуш ю хIора кIирнах цкъа.

Туркаевс бинчу хаамца, кху шара кеманаш дIасалелор дIадолалур долуш ду Соьлж-гIалана а, Кипр олучу гIайренна а юкъахь а.
XS
SM
MD
LG