ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чэнь Гуанчэна Iамеркехь тхов-кIело ехна


Цхьанатоьхначу Штаташа бакъдина бIаьрзе китайхочо-диссидента Чэнь Гуанчэна шен доьзалца Iамеркехь тхов-кIело ехна хилар. Франс-прессаца къамел деш Чэня аьлла, ша цкъа лууш вацара Iамерке дIаваха. Амма, шен цIерчарца цхьанакхеттачул тьхьа ша шен позици хийцина – шен гергарчерийн а, шен а кхерамазаллин бахьанехь, аьлла.

Карарчу хенахь диссидент Пекинерчу цхьана дарбан-цIийнахь ву.
Цхьанатоьхначу Штаташкахь туп тоьхначу China Aid адамийн бакъонашларъяран организацино хаам бина, 6 де даьккхинчул тIаьхьа Чэнь Iамеркан векалаллера дIавахара бахьана, Китайн Iедалша цуьнан доьзална тесна кхерамаш бара.
Диссидентаца иккхинчо мелла а кхоьлина Пекинехь визит дIахьучу Iамеркан пачхьалкхан секретаран Клинтон ХIилларин а, Китайн куьйгалхочуьн Ху Цзиньтаон а дагадовларш.
XS
SM
MD
LG