ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ракеташна дуьхьало ечу системин хьокъехь Iамеркица а, НАТОца а барт ца бало Оьрсийчоьне


Ракеташна дуьхьало ен система яржоран хьокъехь Цхьанатоьхначу Штаташца а, НАТОца а тIеэца мегар болу сацам ца балуш йисна Оьрсийчоь. Хьал кIажабухе кхаьчна. И аьлла дIахьедар дина тахана оьрсийн тIеман министро Сердюков Анатолийс, Ракеташна Дуьхьало Ярехула Москох дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу конференцехь вистхуьлуш.

Цо бахарехь, нагахь санна, массо а агIонашна цхьа барт ца карабахь, цунна дуьхьала «тIеман-техникан гIулчаш» ца яьхча ер яц Москох.
Оьрсийчоьно дуккхаза а критика йинера Европехь ракеташна дуьхьало ен система хIотторан планашна. Оцу системин дакъош малхбале Европехь а, Туркойчохь а дIатаръян дагахь ю Малхбузе.
XS
SM
MD
LG