ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Девнан мах – 33 миллион доллар



Ιаьмеркан сенаторша, Пакистанна таΙзар деш, дΙахадийна цунна Ιаьмерко дечу ахчан гΙонах 33 миллион доллар, Пакистано 33 шо хан тохарна шайн махкахь вехаш хилла Ал-Кхайдин лидер Бен Ладен Ιусам веха меттиг йовзийтинчу Африди Шакилна. Пакистано харцо лору, шех къайлаха, Ιаьмеркахошна оцу стага гΙо дина хилар. Лоьро Афридис Бен Ладен къайлаваьлла вехачу Аботтабад-гΙалахь, ша бахархойн цΙий толлучуха, хаийтина Ал-Кхайдин куьйгалхо цигахь вехаш хилар. Дуьненна а террорист волу стаг веха меттиг Ιораяккха гΙодинчу Африди Шакилна таΙзар дар нийса дац, аьлла хета Ιаьмеркахошна.
XS
SM
MD
LG