ОвхΙинистанан Парламентан лахарчу тΙегΙано къобалбина Кабулний, Вашингтонний юкъахь президенташа Карзай Хьамида а, Обама Барака а бина барт. 2014-чу шарахь пачхьалкхера НАТО-н эскарш арадевлича, вовшашца латтор йолчу юкъарлонан хьокъехь бу иза. Лахарчу палатехь 250 депутатах маситта бен ца хилла дуьхьал. КхидΙа мехкан Сенате кхочур ду документ, кΙира даьлча шен дош эр ду цо а. Ткъеха де хьалха хΙоттийра бертан кехат Обамассий, Карзайссий. Цуьнца а догΙуш, ОвхΙанистанехь буьсур бу Ιаьмеркара тΙеман хьехамчас а, тергамхой а, хьолаца гΙо а латтор ду махкана Вашингтоно.
ОвхΙанистан Iаьмеркан Ιуьналлехь юьсур ю