ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Асадца цхьаьнакхетар ву Аннан


Ярташкара а гIаланашкара а яккхийн тоьпаш ара яхийта гIерташ ю дуьненаюкъаралла Шеман пачхьалкхан президенте Асад Башаре. Цу Iалашонца цу махкарчу Iедалшна тIеIаткъам бар алсам даккха барт бина Москох Оьрсийчоьнан а, Британин а арахьарчу гIуллакхийн министарша Лавров Сергейс а, ХIейг Уильяма а.

Кху беттан 25-чу дийнахь 108 стаг вийра Шема-пачхьалкхехь ХIоул олучу гIалахь. Царна юкъахь коьртачу декъана бу зударий а, бераш а. Маьрша адамаш дайарна дуьненаюкъарчу тергамхоша бехке дина Асад Башарана муьтIахь долу эскарш.

Амма Лавров Сергейна хетарехь, и зулам дарна бехке ши агIо а ю. Оршот-дийнахь Демашкъа вахана дуьненаюкъараллин цIарах Шемахь волу векал Аннан Кофи. Иза цхьаьнакхета дагахь ву президентаца Асад Башарца.
XS
SM
MD
LG