ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин зарратан эксперташ цхьанакхеташ бу ГIажарийчоьнан векалшца


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин зарратана тIехьовсу эксперташ ГIажарийчоьнан векалшца цхьанакхетар бу тIедогIучу пIераскан дийнахь. Дуьненаюкъара Атоман Энергин агенталла дагахь ю, гIажарийн Парчин тIеман центрехь йолу жигаралла талла.

Агенталлин хьаьакамо Амано Юкияс ГIажарийчоьне кхайкхам бира тахана, Венехь кхеташо схьайоьллуш, Парчинна тIекхачийта аьтто бе, аьлла. Дийцарехь, талламаша гучудаьккхина цигахь заррат герзаш хилар. ГIажарийчоьно керстадо ша заррат герзашна тIекхача гIерташ хилар.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин эксперташ Парчине кхача гIерта дукха хан ю. Амма ТехIрано хаддаза юахтуху церан дехар.
ХIокху беттан 8-чу дийнахь Венехь хир долчу цхьанакхетарехь Атоман Энергин Агенталло гIажаршка лур дерш, заррат программин тIеман Iалашо мел йоккха ю къасторца доьзна хаттарш ду.
XS
SM
MD
LG