ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экзаменийн мур бу Нохчийчохь


Евро ахча
Евро ахча

Экзаменаш дIалун мур бу Нохчийчохь кхехкхаш. ЕГ олу, цхьа экзамен дIаялар юкъадаьккхичхьана дуьйна, бераш юкъара а довлуш, хьехархойн хаарш зерна тIедаьлла хьал. Тешна шайн бераш чекхдовлийта луучара хьехархой лоцу, экзамен дIаяла. Ткъа экзаменан хаттарш арадаха некъаш долуш ду.


ЕГЭ олу Пачхьалкхан цхьа экзамен ю Нохчийчохь дIалуш,амма шайн хаарш зуьйш берш беккъа цхьа дешархой бу ала хала ду.

Пачхьалкхан цхьа экзамен дIалучу дийнахь гIалахь а, кIоштехь а башхалла а йоцуш, и дIаяла билгальяьккхинчу ишколан кетIахь, хьал ца хуучо цецваьлла бIокъажор болуш, цхьа йоккха базар хIоьттича санна, адам тIетаттало: зударий, божарий, кхиазхой. Йохка ялийча санна гулло иттаннаш, ткъаннашкахь массо тайпа машен.

Цу кепара дуькъа адам цхьаьнакхетча хаа аду – Пачхьалкхан экзамен ю ишколехь дIалуш. Иштта сурт тергаллора Старопромысал кIоштан цхьана ишколехь кху мангалан беттан 5-чу дийнахь масала: цхьа наггахь дIасадолу адам а, полицин белхахой а боцург еса го ишколан керт. Амма кест-кеста, доьшийлан чуьра ара а волий, керта улле я кевне вогIу, хьалха латийна мила ву хоуьйтуш, йоза тIехь долу кехат долуш стаг я зуда. Цул тIаьхьа кхехка долало арахь болчийн дахар: маьхьарий а детташ цIерш яхар, кехаташ дIасакхийдор, карзахе дIасаидар…

Жимма соцунгIа а хилла ладоьгIча гучудолу ишкола чуьра ара рогIера хеттарш чохь болу, берийн дай-наноша ма-аллара аьлча, «тIоьрмиг» баьккхина хилар. ТIаккха дIаболало «эцна» балийначу хьехархойн болх - экзаменаш дIаялар. И дIаялар ша муха нисдина дуьйцуш ю Соьлжа –гIалахо Марет.

«Химин экзамен дIалуш 3 даккха лаххара а 24 балл хила еза. И даккха-м там а бара йоIа, хала а, атта а. Амма лоьрийн дешар Iамо йоьдуш 3 даккхар дика дац. Цунделла цунна 4 хилийта ас 5 эзар делла. Хьехархо лаьцна ву. Иза шен болх-некъ а болуш ма ву. Хьайн дуьхьа луш ду ахча».

Маршо радио: ТIаккха ишколан чуьра хеттарш арадахар муха нисдо?

Марет: «И а, кхин а деш, шайн гIуллакх деш нах ма бу цигахь… Аьтто-м болура церан. Амма араяьккхича ян стаг вацахь эрна-м ду. УьйтIахула хьийза а йой, юха чухьуш меттигаш а нисло… Иза-м и ду. Суна хууш тхуна юххерчу ХIирийн махкахь цхьана экзаменах 10 эзарнаш делла меттигаш а ю, цу тIе гIуллакх а ца хилла тIаккха а».

Маршо радио: ЛадогIахь. Хьуна 50 балл еза масала. 5 эзар ахь дIаделла. Оццул баллаш ца хили. ТIаккха хIун до?

Марет: «Ахча схьадала декхар ду-кх. И дерриге а дийцина хила дезаш ма ду. Болх нийса бина ца хилча и схьа ца делла мича гIур ву иза?»

Маршо радио: Цу кепара ахчанаш а луш экзаменаш дIаялар деккъа цхьана Нохчийчохь хилла ца Iа боху Марета. Иза, цо чIагIдарца, Къилбаседа Кавказан кIошташкахь массанхьа а долуш ду. Кхечанхьа и тайпа харцонаш лелош ца хилча-м, бохура цо, кхин дIа а «аса а, кхечо а хьехархошна токхамаш бан бахьана а хир дацара».

Экзаменийн хьокъехь къамел динчу Марета дийцарехь, ши-кхо кIира хьалха дуьйна мах а бийцина, лаьцна хила везаш ву хьехархо. ШолгIа, мел дика доьшуш бер хиллехь а лоцу, «чIагIо дика ю» олий нохчаша гIо дан стаг. Цу кепара ишколера бовлуш болчу кегийрхошна «орцахваьллачех» цхьаъ ву, цIарца «нахала вала» ца лиъна волу хьехархо-историк Абу. Цо гергарчу барамехь иштта дийцира ЕГЭ олучу экзаменах.

«Кху беттан 18–чу дийнахь ю сан экзамен. Сан тIелаьцна 5 стаг ву. Цхьаъ сан-сайн дешархо ву, виъ луларчу юьртара. Суна хууш 15 эзар мах хIоттийнарш а бу, ткъа аса 10 аьлла. ХIорангара а 10 эзарнаш схьаэца, со цаьрга деаннаш дахийта дезаш ву, вуьшта аьлча, лаххара а 50 балл. Нагахь санна, цхьаъ 35-40 балл бен ца йоккхуш, кхоъ даьккхина висахь, ас 2 эзар юха дIалур ду-кх. Масала стохка ас тIелаьцначех цхьаьллиг цхьаъ ца висна 60 балл ца йоккхуш. Нагахь со ларалахь кхин а 3-4 а ву, шайчаьрга а ладогIахьара бохуш, тIаьхьабевлла лелаш. Хуур ду-кх», элира цо.

Историк-хьехархочо Абус дийцарехь, таро йолчу дай-наношлахь цхьана экзаменна 50 эзар луш берш а бовлу, амма иштачара хьалха тоттуш цхьа биллам бу - шайн йоI я кIант бен кхин цхьа а тIе ца лацар. «Иштачарна масала 80 балл еза, - бохура Абус. -И ца хилахь цара хьо лан даккха санна хьийзаво, цундела со царех ларло»

Наг-нагахь, нийсонна а, бакъонна а тIе а гIоьртина, чIагIонна лело цхьа кепаш йоцург, дукхах долчу декъана иштта дIайоьлхуш ю Нохчийчохь экзаменаш. Махкал арахьа бехачу вайнаха тоьшалла а деш, кхин хийцаделла хьал дац Къилбаседа-Кавказехь я кхечу Оьрсийчоьнан кIошташкахь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG