ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин лидерш луьттуш ду Ιедал



Путин Владимир кхозлагΙа а президентан дарже хΙоттарна резайоцуш, шинарий дийнахь халкъ гуламе даккха дагахь йолчу Оьрсийчуьрчу оппозицин маситта лидеран цΙенойх хьаьжна полици оьршоьтан дийнахь. Царех ву Немцов Борис, Яшин Илья, Собчак Ксения, Удальцов Сергей, Навальный Алексей, кхиберш. Бакъоларъярхочо Пономарев Лева, Ιедал иштта гΙерта, элира, нах гуламе ца бахийта а, баха хΙуьттурш кΙезиг хилийта а. Ткъа Оьрсийчоьнан Талламан комитето шен сайта тΙехь чΙагΙдо, бутт хьалха гуламехь оппозицин векалш харцхьа леларна, летарна хьоьжу ша а, полици а церан цΙенойх, бохуш.
XS
SM
MD
LG