Дукха хенахь дуьйна лела интернетера «Одноклассники. ру» цΙе йолу социалан маша Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн тергонера ю боху хабарш. Уьш бакъдеш санна бу ГΙебарта-Балкхаройчуьрчу экстремизмана дуьхьало яран, «Э» шех олучу урхаллин куьйгалхочо Киржинов Владимира кхаарий дийнахьшен бриффингехь журналисташна бина хаам. «Одноклассники.ру» машана чухула къевлинчу рожехь юкъарло лелош ву 1500 республикера вахархо,уьш экстремизм шайн ойланашца йолу нах бу»,- бохура Киржиновс. Оцу а, кхечу а сайтийн къайленаш терахьашца йийцина низамхочо. Цо хаийтира, интернетехула экстремизм яржорна а, къаьмнашна юкъа цим тийсарна а шен урхалло тΙаьххьарчу беттанашкахь 7 бехк-такхаман гΙуллакх гΙаттийна, аьлла.
«Одноклассники.ру-на» къайле тешийча...