Мисаран коьртачу КъахIир гIалин юккъехь, ТахIрир майданахь гуллуш бу эзарнаш мисархой. Шен инаугураци хилале хьалха, оцу нахана хьалха вистхир волуш ву Мисаран керла хьаржина президент Мурси Мохьаммед.
Къоман дуьхьа хьанала къахьега Мурсис чIагIо йинчул тIаьхьа, Мурси цхьанакхетар ву Лаккхарчу ТIеман Кхеташонца. Цунна урхалла деш ву Мисаран тIеман министр хилла волу фельдмаршал Тантауи Хьуссейн. Керлачу президенте дIаделлачул тIаьхьа а, оцу тIеман кхеташонан карахь дуккха а Iедал дуьсур ду.
Мурси Мухьмаммедан инаугураци шоьтан дийнахь хир ю, Мисаран Конституцин кхелехь.