ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Женевехь буьйцуш бу Шеман кхоллам


Тахана Женевехь схьаеллаеллера Шемахула йолу дуьненаюкъара конференци. Дагадовларийн коьрта Iалашо ю – Шемара дов дерзоран хаттаршкахь цхьа некъ билгалбаккхар а, цу махкахь цIий Iенор сацор а.

Шемахула дуьненаюкъара векал волчу Аннан Кофис дIахьедар дина, нагахь санна Шемахь цIий Iенор сацон Iалашонца дуьненан лидерий барт ца хилахь, цигахь адамаш даларна жоьпаллехь хир бу уьш, аьлла.
Цо билгалдаьккхира, дар-дацарш Iад ца дитахь, и дов пачхьалкха а ара а даьлла, дуьненаюкъара хила тарлург хилар.

Шемана кхоьллинчу керлачу планехула цхьабарт бан гIерташ бу цхьанакхетаран декъашхой – къоман барт баран ханна хаьржина Iедал кхолларехь. Ма дарра аьлча, и бохург, Шеман президент Асад Башар шен даржах ваккхар бохург ду.
Цхьанатоьхначу Штаташна а, церан европера а, Iаьрбийн махкашкара а бертахошна и боцург кхин некъ ца го кризис ерзоран. Дукха хенахь дуьйна Асадан бертахо йолу Оьрсийчоь дуьхьала ю, Асад дIаваккхарна.

Шемарчу оппозицино ша догйовха ю аьлла, Женевехь эвсаре сацам тIеоьцург хиларна.
XS
SM
MD
LG