ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн таIзаран система кхоьру набахтешкара нохчий дийна арабовларна


Зубайраев Зубайран оьрсийн набахтехь бакъонашларъярхоша даьккхина сурт
Зубайраев Зубайран оьрсийн набахтехь бакъонашларъярхоша даьккхина сурт

Дуьззина 5 шо набахтехь а даьккхина, оьрсийн набахтера халла аравалийтина Нохчийчура вахархо Зубайраев Зубайр. Набахтин куьйгаллин карахь и гIуллакх хиллехь, цара цунна цкъа а маьршо лур яцара. Уьш боьллера, ша шегхьа гIо даккха йиш йоцчу стагана тIехь ницкъ барх. Боцу бехк тIе а хьарчийна чувоьллина хилла Дойкур-эвлара жимастаг онддачу дегIехь а, могуш а вара чу воллале. Набахтера аратакхочу минотехь а цхьана ницкъ бина Зубайраев, хIинца заьIап стаг ву.

Волгоградера набахте кхаьччхьана дуьйна цигарчу белхахоша ондда ницкъ беш даккхийтина Зубайраев Зубайре и къиза 5 шо. «Нохчийчохь байинчу оьрсийн миска салтех» бекхам бо бохуш, цуьнан когех хьостамаш диттина набахтин белхахоша. Когашна ноткъа а йина, гангренех кхерам баьлчий бен, набахтин дарбан цIийне ца виллина.

Когийн чевнех ца Iебаш, оцу дарбан цIенна ха деш хиллачу гIароло букъ кагбина цуьнан. Нохчийчура тIамах чекх а бевлла, набахтешкахь болх беш болу оьрсий гуттар а къиза хуьлу, шайн набахте кхаьчначу нохчочуьнца. Могушалла бахьанехь а оьрсийн низамашца араваккха магийна Зубайраев, нийсса 5 шо чекхдаллалц чохь латтийра набахтин куьйгалло. Инзаре ницкъ ловш хилла нохчийн тутмакх бакъонашларъярхоша шайн тидамера ваьккхинехь, Зубайраев дийна гаре сатуьйсийла яцара цуьнан гергарчеран.

«Дийна араволуьйтур вац» шун ваша, боху кхерамаш дуккхаза а хезначу Зубайраеван йижарша сих-сиха орца а доккхий, бакъонашларъярхоша лаьцна адвокаташ болхара цуьнан хьал-де талла. Иштта, хIокху беттан хьалхарчу дийнахь адвокате а, бакъонашларъяхошка а дехар динера Зубайрин шина йишас. Минусинскера набахте ваханера цу дийнахь Москохара адвокат Хадисов Муса.


Адвокат Хадисов Муса, Москох, 03Чил2012
Адвокат Хадисов Муса, Москох, 03Чил2012
Хадисов Муса: Шина коган пIелгаш болчу юккъехула хьостамий диттина, аннаш тIе когаш тоьхна, хьийзийна иза цкъа. ШолгIа делахь, ГIадужу-беттан 27-чу дийнахь ара а ваьккхина, тIера мел йолу хума дIа а яьккхина, верзина цIена а ваьккхина, буса арахь витина цара (набахтийн белхахоша) иза. ГIадужу-беттан 27 де вай долчу агIора ло дуьллу хан ю иза, шийла хан ю.

Цул сов, ламаз деш хилча а, хьакха ца йиъча а, (хьакхин) дум юьхь тIе хьокхуш хилла цунна. Хи чохь долу пластикан шуьшанаш жимашна тIе диттина, цIий даллалц. Оцу еттарх ца Iебаш, цара (набахтин векалша) кхин а луьра хьелаш долчу набахте дехьаваьккхина иза. Цхьана шарахь кхо таIзар хиллера цунна аьлла, къепе йохош волчу буьрсачу стагана санна набахтин раж хийцина цунна. Минусинскерчу набахте дехьаваьккхина цу кепара.

Маршо радио: Араволуьйтучу дийнахь а, Iуьйрре хьала а гIаттийна, кхетам чуьра валлалц юха а йиттина Зубайраевна.

Хадисов Муса: Хьала а гIаттийна, цхьана цIа чу вигина, коре тоьхна аьчган цаца хуьлу-кх, дIасадахийтина ши куьг гIоьмашца цу цацанах а тесна, йиттина цунна иза араволуьйтучу дийнахь.
Iуьйрре дина цара иза. ВорхIалгIачух ах долуш аравалийтина, адамана ца гайта, адам доладале.

Суна-м цуьнан юьхь билггал йовза а ма ца евзира. Оллабелла корта бара, цхьа узанаш дара деш. Цец ваьлла, ванах, юьхь ма ца евза суна, аьлла, лахара дуьйна юха а цуьнга хьаьжи со. ДегI Зубайраевниг ду, амма юьхь-сибат цуьнаниг дац. Текхош болу когаш цуьнан бу, месаш а евзий суна. Цкъа а гина хIума дацара суна оццул юьхь хийцаялар. "Со вевзий хьуна?" - бохуш мохь битти аса. И ша дерриг а видео йоккхуш 3 стаг ву. Цхьаъ церан набахтера стаг вара, важа шиъ ца вевзира суна. ФСБера хила там а бара.

Видеош цара хIунда яхара аьлча, иза дийна а волуш шаьш аравалийтина алархьамма. ДIагайта тоьшалла хилийта.
Сурт Iуьйранна дара, нахана иза (Зубайраев) ца гайта. Дийна хIума яра ца араялийтинарг, адамех тера а вацара иза. Цара цунна тIехь динарг!

Маршо радио: Тутмакхаш хилла нохчий маьршабовлуьйтучу дийнахь сих-сиха нислуш хIума ду, кисина я оцу стеган бедаршна юкъа наркотик я патарма а кхуссий, набахтехь неIIарехь уьш дIа а лаьцна, кхин а хенаш токхуьйтуш. Амма аравокхучу минотехь а тIехьа стагана ницкъ бар шена гина хIума дац элира Хадисов Мусас.

Хадисов Муса: Ги а воьллина иза (Зубайраев) схьавалочу муьрехь цунна тIаьхьахIоьттина шиъ набахтин белхахо вара цуьнан коган кIажошна тIе а вазвелла, ког кагбан. Нанна гина иза. Нана тIейодуш ги суна, цо и ши стаг шен кIентан кIажошна тIера дIатоттуш ги суна. Залпаъ бохуш, цунан нана а яра цига еана. Араволучу хенахь а тIаьхьа а уьдуш, тIе хIуманаш еттар... и суна цкъа а гина сурт дац иза аса мел болх барх. Оцу стагана тIехь дина долу таIзар, иза ла далар а доккха хIума ду.

Маршо радио: Австрехь тхов-кIело а карийна, цигахь шен доьзалца вехаш хилла Зубайраев Зубайра, нана могуш ца хилар бахьанехь шен эвла юхавирзина дукха хан а ялале, Iедалша лецира тIемалошна гIротор йина стаг санна. Цуьнан гергарчара чIагIдарехь, ФСБехь болх бечу церан эвлахочо мотт а бина, чуволлийтина вара 2008-чу шарахь 29 шо хилла Зубайраев Зубайр лацар. Масех шо хьалха Маршо радионо къамел динера цу хьокъехь Зубайрин йишица Маликица. Шен ваша лацарх лаьцна иштта къамел дира цо хIетахь:

Зубайраева Малика: 2003-чу шарахь дIаваханера иза махкал а арахьа. ЦIахь хIара хьал долун дера, иза тхайн цхьаъ бен воцун дера а, цигахь Iаш шичой а бу аьлла, дIавахийтинера. Тхан нана чIога цомгуш а хилла, метта йоьжа, ялаза яьллера. Юха цIавеара иза цигара. Я хьалхара я шолгIа а тIом болуш цхьанххьа я герз лелийна, я ара-чу ваьлла (хIума ца даьллера цуьнгара). Юьртахь массарна а гуш ву-кх иза.
Оццул хан тоха а бахьана доцуш, чувоьллира иза.

Тхан луларчу стага чу а вигина, шун чу лелхар болуш а бу, вуьгур волуш а ву шу иза аьлла, чIогIа тешнабехк бина, лацар хилла-кх цуьнан. Церан (лулахочуьн) чу яхана сой, сан наний, тхойшиъ цунна (Зубайрина) дехьа а, сехьа а хиина Iаш а йолуш, неI дIа а йиллина, чу лилхира масканаш йоьхна нах. Тхан нена мохь бели: "Вай, вуьгуш ву", аьлла. Тхан нана могуш йоцуш хилла дера, тхан вашас воха а ца вухуш элира "хIумма а дац". Цара (ницкъаллин структурийн белхахоша) дехьа а, сехьа а лаьцна аратакхийра иза. Iай дара иза, буса. Тхойшиъ цунна тIаьхьаидира. Урамехь массарна а хиира, адам гуделлера...

Маршо радио: Цхьана кегийрахоша шаьш мехах дIакхетаде аьлча, Зубайрас шен машенахь бигина хилла уьш.
И нах тIаьхьуо, тIемалошца уьйраш хиларна лаьцчи, шайн тIехь бина ницкъ ла а ца белла, цара Зубайр вийцина. Нохчийчура бакъонашларъяхо Мальсагова Асет ю и гIуллакх шен тидамехь латтош. Цо бахарехь, тIаьхьуо, Зубайр бехке воций къастаделчи а, иза кIелхьара ца валийтина.

Мальсагова Асет: Схьа а баьхкина, "силовикаш" Зубайр дIалецира. Цо ма-дарра дIадийцина цаьрга: "Ша уьш дIа а бигира, юха схьа а балийра. Шена уьш муьлаш бу ца хаьа", аьлла. Уьш цунах ца тешна. Тешнехь а, шайн каравахана стаг цара атта ара ца волуьйту.
Зубайрас дIабигина бохуш хиллачу кегий наха суьдехь тоьшаллаш дина, "Зубайраев Зубайрина шаьш довьзаш-м дара, амма шаьш лелош болу некъ цунна хууш бацара. Оха цуьнга тхо дIадига а элира, цо тхо дIа а дигира. Оха цунна ахча делира. Юха тхо схьа а далийра. Цунах оха ахча а делира" аьлла.

Маршо радио: ДIалаьцначул тIаьхьа дуьйна хаза нехан санна онда ницкъ беш хилла Зубайрина тIехь. Гергарчеран тIекхача йиш ца хиларна, тIаьхьуо бен гучу ца делира, цуьнан коьртана анддий чевнаш йинийла. Волгоградерчу 25-гIа колонехь болх беш ша верриг аьлча санна, Нохчийчура тIамах чекхбевлла нах бу. Нохчо хилчхьана, бехк буй-баций ца къестош, гуш лаьтташехь, шайна дуьхьало ян цхьа а аьтто боцу, гIорасиз стаг хьошу оьрсийн набахтешкахь.

Зубайраев Зубайрин лозучу аьтто куьйгана етташ, цунна тIебазлуш, иза хьийзош, ницкъ бина набахтин белхахоша. Когаш биттина, тIе дубинка йиттина. Красноярскерчу ТаIзар Кхочушдаран Федералан Сервисан цхьана векало пIендаршна тIе мийр тоьхна, лаьттахь Iуьллуш хиллачу Зубайрина. Цецваьлла хаьттина: «ХIара хIинца а дийна ву?» аьлла.

Набахтин дарбан цIийнахь букъ кагбина Зубайр шен когаш тIехь ша лелалуш вац, цхьамма гIо деш ца хилча. Цо лелош яцахь а, цуьнна еллачу Iасина тIера, цуьнан бух ца шершийта боьллина резенкех бина тIус дIабаьккхинера набахтин белхахоша. Цу тIе а вазвелла, Зураб волавелча, иза охьа цакхеташ вуьсур вацара. Цул сов, иза а кIезиг хеташ, Iасин тIоман тIера иза цхьана лоттуьйту хьостам дIабаьккхинера. Iаса шарша а шершина иза охьа ца кхеттехь, цунна тIе вазвелча, Iаса вовшах а яьлла, Зубайрин дегIах яха езаш яра цу Iасин ира буьхиг.

И сурт гинчу адвокатана Хадисов Мусана чIогIа хала дара теша, адам сел киза хиладаларх. Делахь а, Зубайр ша теван хьаьжира, ша и Iаса лелош яц, ша лела ца ло дера, бохуш дийцира, инзар ваьллачу адвоката. Зубайрана набахтешкахь гуттар а дуьхьала детташ хилла, хьуна кIезиг хан хIунда тоьхна бохуш.

Хадисов Муса: 7 шо догIуш ду цунна (тIекхоьллинчу артиклца), хIокхунна 5 шо тоьхна. Лахара. Цо лаьцна дакъа доккха доцун дера. (Низамехь) ДогIучул а кIезиг дина.
"Хьуна кIезиг хан хIунда тоьхна" бохуш, дийцара цара. Аравала хан тIекхаьчча, Зубайраевн кхин а тIе йиттина. ЧIогIа хьийзина дарбан цIийнахь гIо ца деш а.
Цига кест-кеста вахийтара со (бакъонашларъярхоша) иза ца воьйтуш араваккха. Цул сов, цунна тIехь лелийна гIело оха яздора, латкъамаш бора массанхьа. Прокуратуре яздора, инарла прокуратуре яздора, Красноярский кIоштан прокуратуре яздора, ФСИНе яздора...

Айса телефон тоьхна аса маситтаза, Шаешников бохуш ву, Красноярский кIоштан ФСИНан куьйгалхо. Тхоьга доуьйтучу жоьпашна тIехь "цо ша шена беш ницкъ бу иза" бохуш яздора. Аса цаьрга алара "ша шена далур доцу хIума ду цунна хилларг". Хьостамий деттар а тIехь. ГОла юй, оцу голин юккъе шуруп хьовзийна цунна 4 сантиметр. "ГIарчI" аьлла жIов цаний чу а тоьхна, тIаккха шуруп хьовзочу гIирсаца иза чухьовзийна. Операци а йина схьаяьккхина ма ю иза. Документашца а, тоьшаллашца а тIечIагIдина ма ду иза. Ишта хIуманаш долуш ма ду, аьлча, "хIа, ишта да-м ду иза. Амма ша дерриг а цо ша деш ду иза" алара.

Маршо радио: Амма Зубайрина оцу латкъамех бала базбалар бен, пайда ца балара. Латкъамаш дукха мел хуьлу а, беш болу ницкъ алсамбоккхуш хилла.

Хадисов Муса: Яз мел до а, цунна тIееттара, адвокаташ дIа а бохуьйтий. Ши адвокат тIевахийтинера оцу Минусинскерчу набахте. Сан тIекхача йиш ца хилча, оьрсийн адвокаташ болхара цуьнан хьоле хьовса. Цара а яздора аса яздийрриг. Красноярскера адамийн бакъонашларъярхой тIеэхийтара. Ларвинера оха иза набахьехь вен ца вейта.

Маршо радио: Дийна араваьккхинчул тIаьхьа а атта дацара Зубайр набахтина уллера дIавига. Зубайр а, цуьнан йижарий а, нана а чохь цхьа машен а, адвокат а, бакъонашларъярхой а чохь болу шолгIа машен а новкъа яьлча, царна тIаьхьахIоьттина хилла Iаьржа, номерш йоцу, куьзган-бIаьргаш Iарждина машен. Масех чаккхарма некъ бича, шаьш совца а севцца, адвокат тIевахана Iаьржачу машенна. Хьалха хиина Iачу шина стаге адвокато хаьттина, уьш хIун Iалашонца лела царна тIаьхьаIиттина. Вуьйш бист ца хилла.

ТIехула тIе, коре оьллина хIума а дIатеттина. Иза лаа ца хиларх тешначу Хадисов Мусас полице телефон а тоьхна, цигара гIо дехна. Iедалан векалшна шайн цхьа кехаташ гайтина Iаьржачу машен чуьра наха. Оцу мIаьргонах пайдаа эцна, Зубайр чохь волу машен дIаяхийтина адвокато.

Хадисов Муса: Уьш, схьахетарехь, иза мича вуьгуш ву хьажа лууш бара. Иза чувоьду цIа лардан лууш бара уьш. ТIаккха хьанна хьаа цара цу чу наркоманаш бохуьйтий, хьанна хаьа цара цу чу хIун тосу а? Церан дагахь дерг хьанна хаьа?
Аса боцу цаьрга: "Шен хан яьккхина цIавогуш ву хIара. ХIун гIуллакх ду шун хIокхуьнца?" Бист ца хуьлу. ТIаьхьара бехир-кх оха уьш. Цхьа аьтто хилира, Дала гIо дир-кх тхуна.

Маршо радио: Адвокато полицин векалшка хаьттина, муьлаш бара Iаьржачу машенахь берш. Вукхара шаьш шайн хьаькамашка дуьйцур ду аьлла, амма адвокате хIумма а ца аьлла. «ФСБен белхахой барий уьш?» аьлла, Мусас хаьттича, иза тIечIагIдеш санна, белакъежна.

Цу тIехь а халонаш чекх ца евллера Зубайраевн. ХIокху беттан 4-чу дийнахь Iуьйрре иза Абаканера Москох доьдучу кеманна тIехаон хьовсуш а болуш, пилот дуьхьала велира, могуш воцу стаг лоьрера тоьшалла доцуш, шен кеманна тIехь вита. Зубайр аэропортан лаьтта охьа а виллина, гергарнаш а арабаьхна и кема дIадахана. Бакъду, билетех ахча юхаделла.
Юха а набахте а вахана, цигарчу лоьрера Зубайран могушаллех лаьцна тоьшалла дехна адвокато. Амма цуьнан дехар юхатоьхна, иза шайн стаг вац, аьлла. Цул сов, набахтин лоьрийн хьесапехь Зубайр «вуно могуш стаг ву».

Меттигера лор а реза ца хилла и тайпа тоьшалла дала, ша терапевт бен яц, Зубайр рентгенах чекхваккха веза, хирурге а таллийта веза, аьлла. Кхин Зубайра кеманна тIе ваккхарх гIуллакх ца хилла, иза цIерпоштехь дIавигира цуьнан гергарчара. ЦIерпошт Екатеринбургехь сецна лаьттачехь Зубайрина тIе меттигера бакъонашларъярхой баьхкира. Жигара Зубайрехьа къийсина Шаклеин Владимир сурт даккха хьаьжира Зубайрица.




Зубайр могуш-маьрша цIакхачарх кхоьруш, мел лаххара а цхьа стаг ву Нохчийчохь. Иза ФСБехь болх беш ву, Зубайрин гергарчара чIагIдарехь.

Хадисов Муса: ЦIера (Нохчийчуьра) схьа ю и "заказ". Лулахо ву боху цара и арз динарг а. Оцу ФСБена мотт бетташ а, цуьнан белхахо а волуш. Цо аьлла боху "иза аравалахь цо ша вуьйр ву, ара ма валийта". Ишта маьIна до цуьнан йижарша а. Леррина цунна (Зубайраевна) тIаьхьа бевлла-м бу уьш.

Маршо радио: Зубайраев Зубайрин гIуллакх Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн кхелехь ду. Тутмакх волуш бинчу ницкъан лоьрийн тоьшаллаш а гулдина, уьш а тIедахьийта дезаш бу хIинца Зубайраеван доьзалан адвокаташ. Хадисов Мусас бахарехь, цара цхьанне а йовзуьйтуш яц Зубайр волу меттиг, лоьрашна бан тарлучу тIеIаткъамах ларлуш.
XS
SM
MD
LG