БIаьсте тIееанчул тIаьхьа шина баттахь гергга йокъа лаьттина Нохчийчохь. Деле догIа доьхуш шурин сагIанаш а дохуш, цхьа мур баьхьира бахархоша цу юкъахь. Бакъду, кху тIаьхьарчу цхьана баттахь сов, мух-мухха а доцуш, хаддаза доьлхучу догIанаша ладегIамехь кхобуш ю Нохчийчоь.
Ялташ чудерзо хан тIекхачарций дуьйладеллачу йочанечу деноша хIинцале хаъал эшам бина юьртабахамашна. Цунна бахьана ду мехаша ялташ охьадийшадар, догIанаша сийналла хьалататтар, катоьхха кIенан а, мекхан кхаш-аренаш чуерзо техника ца тоар а. Официалан даре а деш, карарчу хенахь махкахь чудерзийна дац диалгIа дакъа ялташ а.
Ялташ чудерзорехь доцуш, догIанца ницкъала хьоькхучу мехаша, бакхий бохамаш бохьу бахархошна Iар-дахарехь а: тIеш-некъаш дохош, тоькан серий хедош, чохь Iойла доцуш, хIусамаш талхош. Орцаллин министро Яхьяев Руслана Iорадаккхарца, юх-юха догIанаш делхаро, 300 метр сов некъ чу а такхийна, кхечу дуьненах дIахадийна латтош ю Нохч-Кхаьллойн эвла.
Кест-кеста тIеоьхучу догIанаша, боху Яхъяевс, цкъачунна аьтто болуьйтуш бац цу юьрта боьду некъ тобан. Цо дийцарехь, цу юьрта кхачош гIашлойн тIай ду цкъачунна сихаллехь деш.
100 метр сов некъ дабаьхьна хиэ ДIай эвлана гергахь а. Карзахдаьлла Iалам дIателлалц аьлла, цхьана ханна некъ бу цигахь беш. Шуьйта а, Ведана а, Итум-Кхаьлла а кIошташкахь санна некъашна а, тIешна а бахархойн хIусамашна а даккхий зенаш дина Ножай-юьртан кIоштахь а.
«БIаьстенан юьххьехь йокъалла хIоьттинчу муьрехь кхузахь латтанаш эттIера, ши кIуьг чудаххал дотIанаш а лелхаш, ткъа хIинца хаддаза оьхучу догIанан хиш-Iовраш цигаш чу а оьхуш, дийнна цхьа басе-майданаш чутеккха». Иштта къамел до тергаллучух Бена-Веданара вахархочо Шарпуддис.
Цу кепара латта такхар бахьнехь кху сохьта боккха Iам-ишал кхоллаелла Беной юьртана гергахь, 20 метр сов кIорге а йолуш. Шарпуддис дийцарехь и хи кхин а гулделла, цул тIаьхьа чу хецалахь, цо даккхий зенаш дан тарлуш ду охьанехьа йолчу ярташна. Официалан даре а деш, догIа мосазза догIу и зенаш алсам а дуьйлуш, кхочуш бан безачу, юхаметтахIитторан белхийн барам лакхаболуш бу.
Оццу Ножай-Юьртан кIоштехь, 20 метр сов берд басе а хедаш, наха дежийлашка даьхний дIасадуьгу некъ дIабуькъна Бена-Ведана лакхахь а. Доцца аьлча, бахархоша даре а деш, чот йоцуш дукха чолхенаш кхуллуш ю ломан ярташкахь, тIех чIогIа оьхучу догIанаша. Къаноша къаро йо, кхушара санна кест-кеста, дуькъа-луьста, ведаршкахь санна охьадуьттуш, догIанаш дилхина шераш махкахь дукха ца хилла бохуш.
Ялташна дина а, деш долу а зенаш доцуш, кIезиг масалш дац кхузахь йочанаша аренца Iохкучу ярташна эшамаш бина а. БIеннашкахь дагарло, масала чу хиш дийлина, хьал-бахам хIаллакбина цIенош. Лаккхарчу тIегIанахь дIакхайкхийна а долуш, хилллачу зенан барам къастош Iедалан белхахой бу арабаьхна. Бакъдерг аьлча, Iедалера гIо хир ду-кх аьлла, тешаш берш дукха бац.