ОвхIан-махкарчу Саманган провинцехь, Айбак-гIалахь шен йоI маре йохуьйтуш хIоттийначу тойнехь вийна, парламентан депутат Самангани Ахьмад Хан. Меттигерчу полицино бечу хаамца вала араваьлла стага динчу эккхийтарехь велла, кхин а мел лаххара а 20 стаг. 60 чевнаш йина. Беллачарна юкъахь ву, Iедалера масех стаг а.
ЙоI декъала ян депутатана тIебоьлхучу кхечу хьешашца цхьана, вала араваьллачу стеган а аьтто баьлла хилла, цунна улле кхача.
Самангани Ахьмад Хан ша узбек ву. 80-чу шерашкахь муджахIидийн Iаткъаме командир хилла иза, тIаьхьуо, парламентан депутат вахара.
Дийцарехь, овхIанхойн президентан агIонча волу Самангани, кхин цхьана узбек волчу, овхIанхойн политикаца инарлица Достум Iабдул-Рашидца къийсалуш хилла.
Талибано керста до ша цу зуламна бехке ю бохург.