ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанин банкашна гIо дийра ду Цхьаьнакхетначу Европо


Испанерчу банкашна гIо дан дагахь ю Еврозонина юкъайогIу пачхьалкхаш. ПIераскана дийнахь цу пачхьалкхийн финансийн министрийн телефонехула аьтто баьлла цу хьокъехь оьшуш болу барт бан. Испанина лур долчу ахчанан барам хила мегаш бу 100 миллиард евро.

Амма министаршна хетарехь, и ахча къезиг хила мега. Цара хIинца а анализ ца йина Испанехь нехан долахь йолчу банкашкахь долчу хьолана. И болх дIаберзо безаш бу аудиторш Гезгамашан-бутт чекхбалале. Министарша биначу бертаца а догIуш, Iедалша тергам бийра бу цу ахчанна.

Еврозонина юкъайогIу пачхьалкхашна хетарехь, Испанин Iедалша план хIотто еза бюджетера ахча кхоош ша йохур йолчу гIулчех лаьцна.
XS
SM
MD
LG