ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемало вийна Дагестанехь



Цхьа тIемало вийна шаьш Дербент-кIоштахь аьлла, дIахьедар дина Дагестанан Iедалша. Меттигерчу полицин векалш дийцарехь, кхин цхьа тIемало схьалар Iалашонца цигахь дIайоьдуш ю леррина операци.
Вийнарг мила ву дуьйцуш дац.

Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, полицин лерринчу тобанна блиндаж карийна хилла хуьнхахь. Цу чохь лечкъина хилла ши тIемало. Царна дуьхьала тIом бина полицин белхахоша. Шайна юкъахь дараш дац бохуш чIагIдо цара.
XS
SM
MD
LG