ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марса долуш ду Шемара чолхе хьал


Шемара гIаттамхоша Еарийн дийнахь тIелатар дина Алеппо-гIалахь йолчу Менах олучу кеманпортана. Цара пайда эцна тIемаш доьлхуш Iедалан ницкъашкара шаьш схьаяьккхинчу тIеман техниках.

И хаам бина Лондонехь туп тоьхначу Шемахь адамийн бакъонаш ларярехула йолчу тобано. Хьалхо Асад Башаран муьтIахь болчу ницкъаша тохарш дира Туркойчоьнан дозанна генайоццуш йолчу Аазаз олучу шайн гIаланна. Иза шайн карахь латтош ю оппозицин тобанаш.

ПIерскана дийнахь Шемахь долчу хьолана хьажийна йолу леррина резолюци йийцаре ян дагахь ю Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Инарла-Ассамблея. И документ кечдина Iаьрбийн пачхьалкхийн тобано. Цу документана тIехь цара кхайкхам бина Асад Башаре, президентан дарж охьадилла аьлла.
XS
SM
MD
LG