ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атеистийн гIаролаш - Москох-гIалахь


Православин шайн лааман тобанаша Москох а, Москох-кIоштахь а хаш дар долош ду аьлл, хаамаш баьржина кху деношкахь. Цунна жоп луш, цигахь атеистийн тобанаш а кхолла еза аьлла, дIахьедар дина Москох ХIелсинкин тобанан куьйгалхочо Алексеева Людмилас.

Цо дийцарехь, православин дружинаш олу тобанаш кхоллар догIуш дац Оьрсийчоьнан Конституцица. Алексеевас дага доуьйту Оьрсийчоь тайп-тайпана динаш лелош болу нах бехаш йолу пачхьалкх хилар а, православи олуш долу дин пачхьалкхан статус йолу дин ца хилар а.

Бакъонашларъярхочунна хетарехь, «Святая Русь» олучу боламо кхоьллинчу тобанаша православи лардийра далахь, кхечу динашна гIаролхой безар бу. «Святая Русь»-боламан хьалханчо Отраковский Ивана хаам бина, шайн гIеранаша полицица цхьаьна ларйийра ю православин килсаш а, мозгIарш а аьлла. Православин мозгIарш а кхин болу а дианан белхахошна кхерам бу аьлла, дIахьедар дина Pussy Riot-ан гIуллакх бахаьанехь Оьрсийн православин килсо.
XS
SM
MD
LG