ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ирс яΙ ирсе ду бохучийн!



Соьлж-ГΙала уггаре ирс долуш гΙала ю Оьрсийчохь, аьлла къастам бина НьюсЭффектектор цΙе йолчу мониторинган агенталло. Цунна тΙаьхьайогΙу Тюмень а, Казань а.

ГΙалин ирс дустуш, агенталло хеттамаш бина оцу гΙаланийн бахархошка. Реза дуй шу шайн таронашна? Дика юй экологи? Маьрша дуй дахар шун гΙалахь? Ирсе хетий шуна шаьш? Иштта хилла дина хеттарш. Оцу хеттаршна нохчий мел маьрша бу «хΙан-хΙа» ала? Ткъа иза ца довзуьйту НьюсЭффектектор агенталло.
XS
SM
MD
LG