ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Pussy Riot ю доллучунна а бехке?



Казанехь ши зуда ерна бехкевен стаг Ιедал шен лорах хадон гΙоьртина, ша зулам динчу метте зударийн протестан тобан Пусси Райотан цΙе а язйина, хаам бо Оьрсийчуьрчу талламчаша.

38-хΙий, 76-хий шераш долу йоΙΙий, наний йийна карийнера еарий дийнахь ГΙезалойн шахьарарчу цхьана цΙа чохь. ЦΙийца пена тΙе яздина карийнера Оьрсийчохь кху кΙиранашкахь шен декъашхошна шишша шераш хенаш а тухуш йирзинчу кхело гΙараяьккхинчу панк-тобан цΙе.

Зулам дарна бехке хила тарло аьлла лаьцнарг ву Казанерчу университетан хьехархо Данилевский Игорь.
XS
SM
MD
LG