ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха хьан сацон беза Шемара тΙом?



Шемахь лаьттачу тΙеман хьолан терго ечу пачхьалкхаша цигарчу президентна Асад Башарна тΙе цо кхочушдендоцу декхарш хΙиттадо, аьлла дΙахьедина шоьтан дийнахь оьрсийн арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс. «ХΙанна а лаахь а, шайн гΙаланашкара гΙаттамхойн ницкъел хьалха Асада арадохур дац шен эскарш,... и цхьаьннан провокаци ю», - боху Лавровс.

Хьалхо Асад Башара шен халкъаца тΙемаш беш дохку эскарш арадаха деза Шемарчу гΙаланашкара, цул тΙаьхьа гΙаттамхоша а дилла деза герз охьа, боху ойла яржийнера Малбалерчу тергамхоша-политикаша деношкахь.
XS
SM
MD
LG