ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХΙирийчохь ши тΙемало вийна



Кхаарий сарахь , йолийна де-буьйса даьлча, дΙайирзина, тΙемалой хила тарло ши стаг верца, ХΙирийчохь кхайкхийна хилла террорна дуьхьалояран операци. Хиллачу тΙематасадаларехь цхьа Ιедалан ницкъахо лазийна. Барам дΙабаьхьна ГΙалгΙайчоьн дозанна гергарчу Комгарон- юьрта йистехь.

Ιедалан хьостанаша бахарехь, 10-12 тΙемало хилла алссам гΙаттийначу эскарийн а, полицин а дакъошна дуьхьал лаьттинчу тобанца. И къайлаяьллачу хьаннашна тΙе герзаш детташ яра сарахь авиаци а, артиллери а.
XS
SM
MD
LG