ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТΙеман кΙурлахь ю Дагестан



Яхначу сарахь шайца тΙом бина гΙаттамхой лохуш бара УнцΙукъулан кΙоштарчу БалахΙуни-юьртана гонаха Дагестанера ницкъахой еарий дийнахь, официало бахарехь. Амма йозуш йоцчу хьостанаша дуьйцу, цигахь кхо тΙемало а, цхьа полисхо а вийна, бохуш.

ГΙизларна уллерчу Шаумяны-юьртахь а дара еарий сарахь а лаьтташ тΙематасадалар. Гобинчу цΙачуьра Ιедалхоша цхьа тΙемало вийна, кхочучу хаамца. Ткъа цигахь гонелаьцна вара, полицино чΙагΙдарехь, кхин а кхоъ.

Хасу-Юьртахь а вийна цхьа полисхо, шиъ лазийна.

Ткъа Буйнакскан кΙоштарчу цхьана школан кертахь иккхина тΙемаΙамораш дΙахьочу салташа хецна ши йоккхачу тоьпан хΙоъ. Ιадийначу берашлахь чов цхьанне а ца хилла.
XS
SM
MD
LG