ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мохьмад-пайхамар сийсазвен сурташ зорбане даьхна Францерчу журнало


Мохьмад-пайхамар сийсазвен сурташ зорбане даьхна Францерчу хIора кIирнах арадолучу «Charlie Hebdo" цIе йолчу журнало Кхаарин дийнахь. И бахьана долуш, цхьамогIа пачхьалкхашкахь шайн векалаллийн кхерамазалла чIагIъян еза аьлла, дIахьедар дина цу мехкан арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Дешан маьршо а, карикатураш яхка йолу маьршо а Iедалан низмо Iалаш еш йолу бахархошкара дIаяккха йиш йоцу бакъо ю аьлла, дIахьедар дина Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Вальс Мануэла.

Редакцино хьул а ца до шаьш и сурташ зорбане даьхна хилар, Исламан дуьхьал яьккхинчу «Бусулбанийн бехк цахилар» цIе йолчу филманна гонах хуьлуш дерг бахьана долуш. Францин Iедалша дихкина и филм бахьана долуш шайн махкахь дуьхьалонан акцеш дIаяхьар. «Бусулбанийн бехк цахилар» филм бахьана долуш хиллачу къепедацаршкахь вийна 28 стаг.
XS
SM
MD
LG