Машар, адамийн бакъонаш Ιалашъяр, гонахара Ιалам дендарехьа жигара латтарна «Альтернативан Нобель» олучу фондо ахчан совгΙат дина овхΙанхойн бакъоларъярхочунна Симар Симина а, Ингалсерчу герз дохкарна дуьхьал лаьттачу юкъарлонна а. Иштта совгΙат кхаьчна туркойн Ιалам Ιалашдархочунна Хауреттин Карацана а. 32 шо хьалха «Альтернативан Нобель» фонд кхоьллинарг ву Швецера а, Германера а орамаш долу хьолахо Векскуьл фон Якон. СовгΙатийн юккъера барам бу 200-100 эзар доллар.
«Альтернативан Нобелан» совгΙаташ