ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакохахь бусулбанийн митинг дIасалаьллина полицино


Бакохахь тасадаларш хилла полицин а, дуьхьалонан акцин декъашхойн а. Азербайджанан дешаран министраллана хьалха гулбелла юкъараллин жигархой дIасалаьхкина полицин ницкъаша.

Цу наха доьхург дара школашкахь хиджаб лелор дехкар дIадаккхар. Верриг а гулвелларг вара 100 гергга стаг. Цара айинчу кехаташ тIехь яздина дара «Хиджабан – маршо!», «Ислам тоьлур ду» аьлла долу йозанаш. Иттаннаш полицин белхахоша чхьонкарш йиттира митинган декъашхошна. Масийтта жигархо дIалаьцна ву.

Азербайджан бусулба пачхьалкх ю, шира динан ламасташ а долуш. Амма дешаран министралло дихкина дешархошна школехь хиджаб лелор. Цунна реза боцуш, дуьхьалонан акциш дIакхоьхьуш бу бусулбанаш.
XS
SM
MD
LG