ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн накъостий набахташкара дIахецар тIедожийна Iедалшна «Гуьржийн сатийсамо"


Гуьржийчоьнан парламентан харжамашкахь толам баьккхинчу «Гуьржийн сатийсам» цIе йолчу коалицино тIедожийна Iедалшна, кхаж тасар доладалале къепе йохийна аьлла, чубоьхкина болу нах дIахецар. Верриг а вуьйцуш верг ву 69 стаг.

«Гуьржийн сатийсаман» лидерех цхьаъ волчу Субари Созара бинчу хаамца, цара Iедалшка дIаделлачу лийцинчеран цIейозан тIехь ю оппозицин жигархойн а, ткъа иштта Саакашвили Михаилан «Цхьааллин къоман болам» партин агIончийн а цIераш.

ПIераскан дийнахь Тбилисехь хьалхара дагадовларш хилла Iедалан векалийн а, толам баьккхинчу оппозицин куьйгалхойн а.
XS
SM
MD
LG