ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иванишвили хир ву гуьржийн премьер



Гуьржийчоьнан парламенто кхобалбина президента Саакашвилис керлачу министрийн кабинетан коьрте миллиардер Иванишвили Бидзина хΙотто бина сацам. 88 депутат реза хилира Ιедалан коьрте Иванишвили хΙоттон, дуьхьал вара 54.

Хьалхо хиллачу парламентан харжамашкахь тоьлла Иванишвилин массех партех лаьтта коалици. Гуьржийчоь Евроберте а, Атлантикан тΙеман альянсана юкъа а кхачор ю шен Ιалашо, бохуш ду Иванишвилис ден дΙахьедарш. Иштта тойийр ю ша оьрсашца йоьхна юкъаметтиг а боху цо.
XS
SM
MD
LG