ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СовгΙат тутмакхашка дΙа ца кхачадойту ТехΙерано



Европарламенто хаам бо, шен ГΙажарийчу ваха лерина хилла 5 депутат гΙур вац цига, аьлла. И сацам хилла Европарламентан векалшна ган лууш хилла ТехΙеранерчу набахти чохь волу гΙажарийн ши оппозиционер царна гойтур воцийла ГΙажарийчоьно дΙахаийтинчул тΙаьхьа.

Европарламент лерина яра ТехΙеранерчу набахтехь валлочу шина гΙажарочунна - адвокатна СотудехΙ Насрина а, кинорежиссерна ПанахΙи Джафарна а, ша кхачийна долу Сахаровн совгΙат карадала. «Делахь а оха дуьтур дац ГΙажарийчоь демократехьа кхайкхар», - элира хиламан хьокъехь Европарламентан куьйгалхочо Шульц Мартина.
XS
SM
MD
LG