ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Клинтона дагадовларш дIадаьхьна Сараевохь а, Белградехь


Iамеркан Пачхьалкхан секретаро Клинтон ХIилларис а, Евробертан арахьарчу политикехула йолчу лаккхарчу комиссаро Эштон Кэтрина а Сараевохь а, Белградехь дагадовларш дIадаьхьна Боснин а, Сербин а куьйгалхошца. Дийцаре динарг дара и ши пачхьалкх Евробертана юкъаяхарх лаьцна долу хаттар.

Сараевохь дагадовларш дIадоьлхуш Клинтона дIахьедар дира, Iамерко гIортор йийра ю Боснина Евробертана а, НАТО-на а юкъайоьдуш аьлла. Цу хеннахь цо критика йира Боснерчу Республика Сербскана сепаратистийн ойланаш хиларна. Белградехь Клинтона а, Эштона а дIахьедар дира Серби Евробертана юкъаяхар дозуш ду цо Приштиница лелор йолчу юкъаметтигех аьлла.

Iамерко а, дуккха а пачхьалкхаша а къобулдина Косово йозуш йоцу пачхьалкх хилар. Амма Белград лууш яц иза дан.
XS
SM
MD
LG