Оьрсийчоьнан президента даржах вохийна тΙеман министр Сердюков Анатолий. Цуьнан метта хΙоттийна Москох губернаторан даржехь хилла Шойгу Сергей. Сердюков балхах мукъаваккхар дузу цуьнан хьукматехь, герзаш дохкарца гΙаттийна коррупци гучу а яьлла, дуккха а инарлаш жоьпе озийна хиларца. Цу тΙе, ша Сердюков вара, стохка министр хΙоттавале, оцу къоланаш дарна бехке дечу декъан коьртехь.
8 шарахь гΙоьнан министралла лаьттира Шойгун карахь. Кхушара хΙоттийна вара иза Москох губернатор.