ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара керлачу оппозицин коалицина тIехIоьттина Iамерка


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа реза хиларца тIеэцна Шеман къоман оппозицин а, революцин ницкъийн а коалици кхоллар. Iамеркан Пачхьалкхан секретаран когаметто Тоунер Марка динчу дIахьедар тIехь аьлла ду, Вашингтоно гIортор йийр ю, «керла демократин кхане хIоттор Iалашонца, Асад Башаран режим йохо гIерташ йолчу къоман коалицина" аьлла.

Шемарчу тайп-тайпанчу оппозицин тобанаша цхьаьнакъахьега барт бина Катаран коьртачу гIалахь Дохехь хиллачу конференцехь. Цу керлачу органан куьйгалхо хаьржина Димашкъан коьртачу маьждиган имам хилла Ал-Хатиб Муаз. Шемахь конфликт йолаялар бахьана долуш, махках ваьлла вара иза.
XS
SM
MD
LG