ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилба-Малхбалехь визит дIахьош ву Обама Барак


Шен махкал арахьа еш йолу хьалхара визит дIайолийна, кху беттан 6-чу дийнахь шолгIа а Iамеркан куьйгалхо хаьржина волчу, президенто Обама Барака ПIераскан дийнахь. Обама дагахь ву Къилба-Малхбалехь йолчу кхаа пачхьалкхе ваха.

Шоьтан дийнахь иза хилира Таиландехь. ЦултIаьхьа Обама Барак ваха дагахь ву Мьянме а, Камбодже а. Обама Барак дуьххьарлера Iамеркан президент ву дуккха а шерашкахь тIеман режим лаьттачу Мьянме воьдуш волу. Камбоджехь цо дакъалоцур ду цу регионерчу мехала йолчу саммитехь.
XS
SM
MD
LG