ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Сапсан" цIерпоштца доьзна дов



Москох кхелехь толлучу «Сапсан» цΙе йолу цΙерпошт эккхийта гΙортарх долчу девнан декъашхойн аьтто ца баьлла бехкебийраш лебар а дерзийна, рогΙерчу дийцаршка бовла, адвокаташа тоьшаллина мехала болчу видеогайтамашка хьовсийтар доьху гΙирс кхелан цΙийнехь цахиларца доьзна.

Петарбухара Москох лела цΙерпошт эккхийта воллура, аьлла, лаьцна левеш ву хΙинца виъ стаг – Эдильбиев Мансур, Невлютов Фаиль, Хамжуев Ислам, Умаев Мансур. Теракт кечъеш лидер хилла лору талламчаша гΙебарто Хамжуев.

РогΙера дийцарш хир ду кхелехь еарий дийнахь.
XS
SM
MD
LG