ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Данилов: Со политикан тутмакх вара



Оьрсийн Ιилманча Данилов Валентин набахтера мукъаваьлла, шена тоьхначу 14 шарах 8 шо чохь а даьккхина. Китайна пайда беш шпион хилла, аьлла кхел йинера цунна. Красноярск-гΙаларчу набахтера араваьлча ша журналисташна еллачу интервьюхь Даниловс ша шех политикан тутмакх лору элира, кхелаша ша Ιораяьккхина баьхна информаци цхьа а къайле а йоцуш хилла дела. Иза чувоьллира Путин Владимиран президенталлин хьалхарчу муьрехь. Красноярскерчу университетан хьехархо вара иза хΙетахь. Цо даре динера, ша китайхошка спутникийн технологеш дΙаелла хиларан, амма и информаци маьршша тΙекхачалуш яра цу заманахь интернетехь а, кхечу хьостанашкахь а.
XS
SM
MD
LG