ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мурсина гIортор еш бу "Бусулба вежарий" партин агIончаш


Эзарнаш нах гулбеллера Шоьтан дийнахь Мисаран коьртачу гIалахь КъахIирехь президентана Мурси Мухьаммадна а, ПIераскан дийнахь тIеэцначу мехкан конституцин проектана а гIортор ян. Зорбанан гIирсаш дийцарех, уьш бу коьртачу декъана Ислам-дин бух тIехь йолчу "Бусулба вежарий" партин агIончаш.

ПIераскан дийнахь ТахIрир олучу КъахIиран коьртачу майданахь иттаннаш оппозицин агIончаша шайн митинг дIаяьхьира керлачу конституцина дуьхьал хьажийна йолу. Царна хетарехь, цу тIехь дуккха а агIонаш ю адамийн бакъонаш йохош йолу. ТIедогIу кIира чекхдалале президенто Мурси Мухьаммада чIагIъян езаш ю конституцин проект. ЦултIаьхьа иза юьллур ю ГIуран-бутт юккъе баьлча хир йолчу халкъан референдуме.

МурсинаХьалхо Мисаран президенто дIахьедар дира, керла конституци тIеэцначул тIаьхьа шена алссам бакъонаш луш долу декрет юхадоккхур ду ша аьлла.

XS
SM
MD
LG