ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша Путин вен дагахь вацара, чIагIдо Осмаевс



Кхарий дийнахь Украинерчу Одесса-гΙалин кхело листа долийна Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир вен кечам барна бехке вечу нохчочун Осмаев Адаман дов. Кхушеран юьххьехь Осмаев а, цуьнца Казахстанера оьрси Пьянзин Илья а лецира Одессехь, цхьана цΙа чохь эккхар а нисделла, стаг велча. ХΙетахь дийца даьккхира Осмаев Путин вен араваьлла хилла, аьлла.

ТΙаьхьо Пьянзин Оьрсийчоьнан каравелира Украино. Ткъа Осмаев Одессехь сацийра Страсбургера Еврокхел орцах а яьлла. Маршо Радионо шеца къамел динчу Осмаевн цΙийннанас бахарехь, Адама тΙе ца оьцу шена бехк. Ткъа ша хьалха къера хуьлуш дина дареш, шегара талламчаша йиттина дехира, чΙагΙдо цо.

Адвокато Черток Ольгас кхаарий дийнахь, кхел йолалуш, дΙахьедина, талламаш юхабан беза, лаьцначуьнгара йиттина даьхнарш тоьшаллаш хуьлийла дац, аьлла.
XS
SM
MD
LG