ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГΙезалойн дуьненаюкъара гулам



Шоьтан дийнахь Казанехь хиллачу дуьнентΙерачу гΙезалойн гуламо харцо лору Оьрсийчуьрчу къаьмнийн республикаш дΙаяхар къадош оьрсийн политикаша хаттар гΙаттор. Иза коституцица догΙуш а дац, ксенофоби яржочу ницкъаша гΙаттийна хΙума а ду, бохура гуламан декъашхоша. Барамехь халахетарца билгалдаьккхира гΙезалойн мотт хьехар, Ιамор Оьрсийчохь тоаме дацар.

40 пачхьалкхара делегаташ бара 11 миллион болчу гΙезалойн цΙарх Казане баьхкина. ГΙезалойн Дуьненан конгрессан коьрте кхозлагΙа а барамо бертахь хаьржина «Цхьааьллин Оьрсийчоь» партех волу Закиров Ринат.
XS
SM
MD
LG