Беларусехь, ткъа иштта Оьрсийчохь а, Украинехь а, шело тIе ма еъъана, наха, шайн когаш бовха латто, тIеюху валенкаш. Кхо бIе шо ду валенкаш еш йолу. Биттина боцучу тIаргIанах йина йолу валенкаш къаьсттина дика хуьлу тIуьна йоцчу меттигашкахь. Минскана уллехь йолчу Смиловичи-юьртахь 1928-чу шарахь дуьйна еш ю валенкаш. ХIора баттахь 17 эзар пара арахоьцу кхузахь фабрикехь болх беш болчу говзанчаша. Дукха хан йоцуш Рейтерс агенталлин фотограф Федосенко Василий ваханера, фабрике бIаьрг тоха.