ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Суьдо хийцина Ходорковскийна тоьхна хан


ЮКОС мехкадаьттан компанин долахо хилла волу Ходорковский Михаил а, Лебедев Платон а маьрша вера ву - хьалхарниг 2015-чу а, шолгIаниг - 2014-чу а шшарахь. Еарин дийнахь Москох гIалин кхел реза хилла прокуроро дина дехар кхочуш а дина, царшинна тоьхна хенаш 13-тта шаран тIера 11 шаре лахъян.

Прокуроро шен позици кхетийна бехк-такхаман кодекс тIехь хийцамаш хиларца. Ходорковский а, Лебедев а лецира 2003-чу шарахь. 2005-чу шарахь, хIоранна а 8 шо хан а тоьхна, чувоьллира и шиъ бозбунчалла лелийна аьлла а, пачхьалкхана ял ца елла аьлла а. 2010-чу шарахь, шолгIа бекх-такхаман гIуллакх схьа а диллина, хIоранна а 14 шераш хенаш туьйхира царшинна.
XS
SM
MD
LG