ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Одессехь листа долийна Осмаев Адаман дов



Оршот дийнахь дуьххьара ладегΙарш дΙадаьхьина Одессерчу кхело нохчо Осмаев Адам оцу гIалахь шо хьалха цхьана цΙийнан петар чохь динчу эккхийтаран декъахь хилар зуьйш. Юьхьанца иза а, эккхийтар хилча велла цхьа нохчо а, дийна висина оьрси Пьянзин Илья а бехке вора Оьрсийчоьнан президент Путин вен кечамбеш хилла, бохуш.

Пьянзин Оьрсийчоьнан каравелеллира ах шо хьалха. Ткъа Еврокхело Осмаев Адам ца магийра Украинина оьрсашка дΙавала.

Юьхьанца талламчаша гΙаттийна хилла коьрта бехк бац йолаеллачу кхело Осмаевна дуьхьалтухуш. И хаам бира Маршо Радиога цуьнан адвоката Черток Ольгас. Цо бахарехь, эккхийтарца ца доьзна Украинерчу талламчаша нохчий Путин вен кечлуш хилла бохург.
XS
SM
MD
LG